ӏазапдаллорхошний.
Сан а, Евгений Ивановичан а шозлагӏа кедаш хьадаза лаьттара.
– Амма нохчийн полк доггах а, майра а лета туркойх, – элира Евгений Ивановича. – Суна хетарехь, оцу полкера цхьа а нохчо нуьцкъах ца вигна цига.
Берсас йуха а гӏайгӏане корта хьовзийра.
– Бакълоь хьо, Евгений Иванович, – элира цо. – Уьш цхьаммо а нуьцкъах ца бигна цига. Амма ахь цхьа хӏума дицдо. Туркошца тӏаме йаханчу нохчийн полкера нах цхьаъ цахилар. Вайна ма-хаъара, кхузаманан муьлхха а къам социальни масех классах лаьтта. Олалла дийраш – дворянаш, буржуази; олаллина кӏел бохкурш – белхалой, ахархой, доцца аьлча, къинхьегаман халкъ. И ший а класс – цкъа а вовшашца машар хир боцуш ши мостагӏ ву массо а махкахь. Муьлххачу а къоман олаллин классана шен къоман къинхьегаман халкъал гергара хета кхечу къомах, кхечу динехь долу шайца цхьана классан адамаш. Цундела масех динехь дуккха а къаьмнаш цивилизацин пачхьалкхехь, шина классана йуккъехь дов даьлча, олаллахой а, къинхьегамхой а шайш-шайн классашкахь цхьаьнакхета. Къам а, дин а ца хьехош. Цунна цхьа-шиъ классически масал далор вай. Вайна ма-хаъара, масех бӏешо ду Балканера славянаш туркойн ӏазапна кӏел бохку. Амма, и халкъаш туркойн олаллина дуьхьал гӏевттича, меттигера хьоладай даим туркошкахьа бовлу. Йа, нийса аьлча, туркойн ӏедалехьа. Цул сов, Боснерий, Герцоговинерий славянийн цхьаболчу дворянаша, шайн къоман керста дин дӏа а тесна, бусалба дин имперехь олаллин дин а, олалла дечу къоман дин а хиларна. Ӏазапехь далло къаьмнаш классаллин къийсамехь шайн йукъарчу мостагӏчунна дуьхьал цхьаьнакхетаран классически масал ду Пугачев коьртехь волуш Россехь тӏаьххьара хилла ахархойн тӏом. Оьрсийн муьжгашца, гӏалгӏазкхашца цхьаьна бара гӏезалой, башкираш, удмурташ, чувашаш, мордваш, марийцаш, гӏалмакхой. Бархӏ къомах а, масех динехь а долу адамаш. Ткъа 1848–1849-чуй шерашкахь Европехь хиллачу революцин дакъалацархой? Масала, Венехь баррикадашкахь цхьаьна бара австрийцаш, чехаш, словакаш, мадъяраш, полякаш, кхин а. Баррикадийн вукху агӏор – оццу къаьмнийн олаллин классаш. Хӏара оьрсийн-туркойн тӏом а ца болабеллехьара, цунах пайда а эцна,