халкъ хилар хаийта. Цара шайн халкъана гӏуллакхдар башх-башха некъашца хуьлу. Берса а, Овхьад а саннарш цуьнан маршонехьа къийсаман байракх кӏел хӏуьтту, ткъа кхечара меттигерчу зорбанан гӏоьнца массарна а йовзуьйту шайн къоман турпала истори, халкъан исбаьхьа барта кхолларалла. Шаьш а кхуллу къоман хинйолчу литературин бух.
Оцу шина а новкъа боьлхучийн ӏалашо цхьаъ йу: халкъ ӏазапах а, кхетамбацарх а маьршадаккхар.
И сан цхьаьнакхетарш хилла Берса а, Овхьад а тахана къехо ву. Цаьршингге а хьоьжуш хьалха лаьтта тангӏалкхаш йа каторга. Цаьршиннен аьтто бара, кхиболу шайн хьолахой санна, хьоле, ирсе ваха. Амма, схьахетарехь, и шиъ верриг а революцин идеяша йийсаре лаьцна хилла.
Берса – хьалдолчу купецан, ткъа Овхьад – йуьртан хьолахочун кӏант ву. Хьалхарчо Петербургехь кадетский корпус чекхйаьккхина, шолгӏачо Владикавказехь дешна. Суна доттагӏаша дийцарехь, цхьана хенахь лоруш эпсар хилла Берса. Паччахьо шиъ орден а йелла цунна. Амма 1848–1849-чуй шерашкахь вайн эскаршца Венгре нисвелча, цигахь цуьнан доттагІчо, гӏараваьллачу оьрсийн революционеро, капитано Алексей Гусевс тӏаьххьара а ойла хийцина иза, даймахка йухавирзича, маршонехьа къуьйсучу шен къоман могӏаршка хӏоьттина. Хьал а, хинйолу карьера а – дерриг дӏа а теттина, къийсаман бехачу некъахула, каторгехула чекхваьлла, чахотко лаьцна иза хӏинца къена стаг хета. Амма мел хаза дагахь йоьшу цо Пушкинан, Байронан, Лермонтовн, Петефин, Некрасовн, кхин дукханнийн а стихаш! Цунний, къоначу Овхьадний дика бевза Белинскийн, Герценан, Чернышевскийн, Добролюбовн философски белхаш.
И дерриг а вайн культуро тесначу хӏуьнан стом ма бу!
Ткъа вайн цхьаболчу эпсарийн ойланаш а, ӏалашонаш а кхин а гена йоьлху. Цхьа пхийтта шо хьалха П. К. Усларна дагадеана хилла хӏокху нохчийн берашна ненан маттахь деша школаш дӏайелла. Нохчех цхьа эпсар а, молла а Тифлисе валийна, цаьрца шена нохчийн мотт а ӏамийна, берашна хьеха церан ненан меттан грамматика хӏоттийна цо. Тӏаккха, Грозне а веана, гондӏарчу йарташкарчу хьуьжаршкара къастийна, ткъе пхиъ мутаӏелам а валийна, царна школа йиллина. Цигахь шина нохчочо ненан маттахь, вайн