бераш а ца дойъу. Шайна дуьхьал нисвеллехь, цара вайшиннах бийр барий къинхетам?
– Сох-м бийр бацара. Цара-м со, йамартхо ву аьлла, нажжаз ма вина.
Тӏеда куьйгаш чоин тӏемах а хьоькхуш, Дадега а хьаьжна, велавелира Овхьад.
– Цунна ву хьо догдоьхна? Дегахьа ваьлла хьо а, дена дуьхьалваьлла со а цхьатерра ши жӏаьла хета оцу господашна. Свистуновгӏеран, Чермоевгӏеран компанина. КІезий долуш шаьш дига а дигна, кхаьбна, ткъа кхиъна даьлча, акхадаьлла.
Дадас доккха садаьккхира.
– Со-м кхолламо валийнера кхуза. Амма хьо сонта хӏунда хилла хаац-кх.
– Сайна маршо йезарна, сайна хӏара лаьмнаш а, даймохк а, халкъ а дезарна веана со хӏокхарна йукъа. Сан халкъана тӏехь ӏазап латториг, иза милла велахь а, мостагӏ ву сан. Хьалхара мостагӏ – паччахь, тӏаьхьа – цуьнан ӏедалан гӏортор хилла мел лаьттарг. Царна йукъахь сан да а, ваша а ву. Сан цкъа а машар хир бац цаьрца. Ткъа хьо вуьззина Іовдал ву Дада. Хьайн дех дозалла дечу меттана, виллина дӏа цІом оллийна лела. Цкъа дина, цкъа бен лийр а дац. Лата хьо. Доггах лата. Вай лийр ду, амма къийсам соцур бац. Даим хир дац вай къийсамехь цхьалха. Оьрсий шаьш а гӏовттур бу. Кхидолу къаьмнаш а гӏуьттур ду вайца цхьаьна. Оцу тӏегӏерта Россехь хӏоьттина хьал.
Делкъе йинчул тӏаьхьа йоцца кхеташо гулйира Іуммас. Некха тӏехь сира, йеха маж кагйина, лаьттан бӏаьра а вогӀавелла, дӏатийра Лорса-Хьаьжа. Наггахь, куьг хьокхий, дукъа тӏехь цӏеххьана голатухуш хьаьвзина, аьрзунан зӏакарх тарбеллачу боккхачу мера кӏелхьара месала мекхаш шардеш, ладоьгӏура махкатӏхойн Тангӏайс. Коьртара баьккхина месала куй шена улло аркъал охьа а биллина, чӏешалгашца сийна буц кегош, ойлане велира векъана, гӏуркх санна, веха Макажара Апин Митӏа. Лекхачу хьаьжа тӏехь, лечанан тӏемаш санна, даьржинчу дуькъачу цІоцкъамаш кӏелхьара ӏаьржа боккха ши бӏаьрг ломан дехьа баса а боьгӏна, тийна ладоьгӏура зумсойн Залмин Дадас.
Царна тӏехьарчу могӏара голаш тӏе лахбеллий, хевшиний, ираххьий ӏара Мохьмадан Гӏеза-Нур, Ишин Бугӏа, Яхьсин Ханбетар, Амин Хьусайн.
Тӏулган бердашна йуккъехула, зоьрталчу пепнийн ӏиндагӏашна кӏелхула сетташ, чхернашна тӏехула чукхийсалуш, чопаш туьйсуш, бурош