Цаьршинна йуккъехь лаьттара чохь сискалан цуьргаш а, цхьа барз хохийн чкъоьргаш а йолу ӏаржделла дечиган шун.
Нах цецбуьйлура оцу къоначу шина стеган доттагӏаллех. И шиъ куьцаца, догӏмашца йа амалшца тера а вацара вовшех. Хӏара Къосам дегӏана лоха, хесара, амма, газанан буьхьиг санна, каде, амалца самукъане а, генна гонаха цӏейаххана дика хелхарча а вара. Ткъа цул пхи шо жима Нурхьаьжа, хӏара Къосам санна волу шишша стаг, пхьаьрса кӏел а воьллина, дӏахьур волуш, онда, дегӏана зоьртала, тийна амал йолуш вара.
Цхьанне а ца хаьара и шиъ гергаоьзнарг хӏун ду, ша цаьршиннен а къоьлла йацахь. Бакъду, цхьа хӏума дара цаьршиннан йукъара. Къосам – дика хелхарча, ткъа Нурхьаьжа дика илланча хилар. Миччахьа ловзарга а, синкъераме а цхьаьна воьдура и шиъ.
Йекъа сискал а, кӏон хохаш а биъна, хӏара шиъ паргӏатваьлча, цаьршинна тӏейеара дуткъа, элдарчу дегӏара йоӏ – Къосаман йиша Мета. Иза шун дӏаэца охьатаьӏча, цхьацца агӏор букъа тӏера охьакхоссайелла, йаьржина, лаьтта йуьйжира йеха, стомма ӏаьржа ши кӏажар. Мета хаза йоӏ йара, луларчу йарташкахь а цӏейаххана. Маре ца йоьдуш, хенал а тӏехйаьллера иза. Декъазчу Къосаман ши шо хьалха зуда йеллера, ши бер а дуьсуш. Хӏинца а къена йоцу нана Аьлбика а меттахь ӏуьллура. Стенна дара а хаац, пехийн цамгаран ун хьаьвзинера церан доьзале.
– Хӏай, баркалла, Дала сагӏа бойла хьан кхача, Мета! – элира Нурхьаьжас, йуккъера шун дӏаайъича, ши ког хецна, паргӏат а волуш.
– Хьанала хуьлда хьуна а, – бархатечу озаца йистхилира йоӏ. – Боккха болх бацара хӏара-м. Шуьшинна дао жижигаш, дуьмеш делара сан.
– Тоьур ду. Оцу сискалх, хохех хьоьгуш дукха нах бу. Дала ма эшайолда иза бусалбанна а, керстанна а.
– Кхана хӏун до вайша? – хаьттира Нурхьаьжас, Мета чуйахча.
– Хьо – Дадашца Зандакъа, со Оьздамарца Даьттахе а, Зандакъ-Ара а гӏур ву.
– Нагахь цигара нах тӏаьхьа ца хӏиттахь?
– Цара дош ма делла, хӏуьттур ду аьлла.
– Дош-м делла. Дош-м хьалха а деллера цара. Ткъа гӏовтта деза де тӏехӏоьттича, нийсса ах дуьхьалбевлира.
– И дӏадаьлла. Хӏетахьлерниш бац хӏинца нах.
Кхо бутт хьалха инарла Свистунов – Бенара охьа, ткъа полковник Батьянов – Кешанера хьалавогӏуш, цӏеххьана кхузара йарташ цкъа