– Мостагӏа тӏелетта сан жимачу халкъана,
Ӏоврашха цӏий Іена, йарташ йу йогуш,
Зударий а, бераш а лолле дӏалоьхку,
Сан нана-даймохк бу шен кӏанте кхойкхуш,
Ас тахна ца доьху шуьшинга пурба…
Кӏанте бӏаьрг тоьхна, вовшашка хьаьжира къена да-нана. Шен къоьжа корта курра агӏор саттийра нанас. Сира мекхаш хьовзийна, куьг тоьхна, йехачу можах шалго йира къеначу дас. Тӏаккха, гӏеттина йахана, пенах кхозу йоьзан гӏагӏ цуьнга дӏа а делла, хӏинца а маж-мекх далазчу кӏентан шерачу йуьхьах шога куьг хьаькхна, йистхилира нана:
– Кӏант хиларе сатуьйсуш, тхо къона къанделча,
Хьо тхуна велира кхоьллинчу вайн Дала,
Набарна ца йуьжуш, сайн кийра ца бузош,
Шелонах, йовхонах ас ларвеш кхиийна
Сан дегӏан мерза са, къеналлин гӏовла.
Оха-м хьо вийхира тхаьшшинна ирсана,
Оха-м хьо кхиийра тхаьшшинна гӏовланна,
Амма ду кхин а хьан тхол сийлахь да-нана –
Хьомсара даймохк а, декъаза халкъ а.
Тхойшиннан бакъо йац цаьргара хьо ваккха.
Тӏаккха, шен карара гӏама кӏентан гӏодайукъах а йихкина, вистхилира къена да:
– Жима бу вайн даймохк, къен ду вайн лаьмнаш,
Кхузахь вай цхьаьнцце а хьагӏ йоцуш даьхна,
Хӏетте а, дитац вай машаре даха,
Мостагӏа ву гӏерташ вай лолле дерзо.
Йуьстах ӏен бакъо йац ишттачу дийнахь.
Варийлахь, мостагӏех дера хьо леталахь,
Даймехкан чевнеха ахь бекхам эцалахь.
Да-нана дехаш дац, ткъа даймохк буьсур бу.
Цуьнан сий, маршо а ахь майра ларйелахь,
Ахь цунна мерза са эшначохь дӏалолахь!
Кечбелира йуьртара кӏентий мостагӏашца тӏаме. Герз каралаца ницкъберг массо а. Бӏешаре бевлла баккхий нах а, пхийтта шарал лахара божабераш а доцурш. Аьртаниг ирйина, йаьссаниг йуьзна. Говр йерг – говрахь, йоцург – гӏаш йуьртах арабевлира уьш. Тӏеттӏа тӏе марсабуьйлуш, масех дийнахь бахбелира мостагӏашца тӏом. Зӏенийн цхар йуьхьа тӏе а оьзна, йеза гӏама шина агӏор йетташ, мостагӏий цоьстура ден-ненан цхьалхачу кӏанта. Даим дуьхьал лаьттара къоьжачу ден-ненан сурт, шайн миска лаппагӏа, лулахойн кегий бераш. Уьш кхойкхура цуьнга мостагӏ вохоре. Церан сибаташа ницкъ лора цхьалхачу кӏантана. Тӏаккха кхин а чехка, кхин а нуьцкъала ткъесах лепа йолура болатан гӏама. ЦІийша буьзнера цуьнан сира дин. Тӏедиттинчу тарраша, гоьмукъаша,