Нохчийчоьнах дӏахадийча, батте а бер бац цигара гӏаттам. Шайн лаьмнашкара тӏулгаш ца даахь, кхин рицкъа доцуш буьсу уьш. Цул сов, нагахь нохчийн гӏаттаман коьртехь берш вайца машар хир боцу плебейш белахь, Дегӏастанара гӏаттам ханийн, бекийн тӏаьхьенийн, динан дайн карахь бу. Цаьрца къамел дан аттахо хир ду вайна! Нохчашца дерг чекхдаккха деза герггарчу хенахь. Сан схьавар, шух дага а ваьлла, йукъара план хӏотто ӏалашо йолуш ду. Уггар хьалха суна хаа луур ду хӏокху шина-кхаа дийнахь хилла хийцамаш. Господин Авалов, беной кхалхоран гӏуллакх муха ду?
Авалов хьалагӏеттира.
– Беной кхалхоран гӏуллакх, хьан локхалла, ледаро дӏадоьду, – долийра цо. – Уьш дӏакхалхо гонахарчу йарташкара йерриг ворданаш цига дӏагулйина. Кху деношкахь цигахь хаддаза хуьлучу йочанаша сецадо гӏуллакх. Вуьшта а вон некъаш кхин тӏе а халачу девлла. Цхьаберш, шайн ворданаш тӏе а ховший, бисинчаьрга ладоьгӏуш а ӏай, цаьрга ладегӏа кӏордийча, шайн-шайн цӏа дӏасабоьлху. Тӏаккха вуьш баьхкича, хьалхалерниш ца хуьлу. Суна хетарехь, йуха а хьаннашка баха бахьана лоьху цара. Областан, округан начальникийн омра-м хьовха, пурстоьпан лаам кхочушбан а реза ду шаьш, амма салташна хьалха а девлла, уьш а белош, цхьа ког а дӏатосур бац шаьш боху.
– Ткъа хьо теший, салтий цигара дӏабаьхча, уьш шайн лаамехь дӏакхелхарг хиларх?
– Теша, – корта таӏийра Аваловс. – Шаьш салташа, лецна хьалха а даьхна, нуьцкъах дигна бохург ца деза царна. Йохье бевлла уьш. Суна хетарехь, салтийн ха а хӏоттийна бига гӏортахь, гӏуллакхан тӏаьхье чолхе йерза тарло. Тӏе, цигара охьабаьхча, шайх хиндерг цахааро а сецабо уьш. Хадам боллуш дош доьху цара. Хаси-Юьртан округе, гӏумкийн йарташка, хьовсийна зандакъой цигахь тӏе ца эцнийла хаьа царна.
Оцу гӏуллакхна реза ца хилла, Смекаловга хьаьжира Свистунов. Тӏаккха а, тахана ша цунна тоьхна барт дага а беана, хӏумма а ца олуш сецира.
– Хадам боллуш гайтам бацара шуна белла? – Аваловна тӏевирзира Свистунов. – Дӏакхелхинарш арен тӏерачу муьлххачу а йарташа тӏелоцур буйла хаийта цаьрга. Тӏаьхьа паргӏат къастор ду, цигахь мила вуьсу а, Россе мила вохуьйту а. Нагахь хӏокху кӏиранах уьш Бенара дӏа ца бовлахь,