Сайн куьйга вуьйр вац ас хьо. Амма ӏедале дойтур ду дан дезарг. Хӏинца дӏавала суна гучуьра. Кхин хӏокху керта ког ма биллалахь! Со хьан да а, хьо сан кӏант а вац!
Овхьад аравелира. И буьйса нана йолчохь а йаьккхина, сатосучу хенахь гӏеттина, кешнашка вахара иза. Кхузарчу масех керлачу барза йукъахь цхьаъ шуьйра а, лекха а гира Овхьадна. Иза Мӏаьчиган а, Васалан а йукъара каш дара. Цхьана цӏийх, цхьана къомах, цхьана динехь воцу ши доттагӏ, дуьненан цхьацца маьӏӏехь вина и шиъ, кхолламо цхьаьнатоьхна, цхьана коша вижийна. Амма коьртехь чурт дац шиннен. Ножан дечиг йу цестина шарйина йоьгӏна. Цхьамма, уьрсаца охкуш, йазйина цӏерш а:
Васал ибн Лапа.
Мӏаьчиг ибн Мантак.
1297 шо[26]
Кхузахь вехха хӏоьттина а лаьттина, вешин кошана тӏевахара Овхьад. Цунна доьгӏна хаза кечдина гӏайракхан чурт ду. Барз тобина хӏинцале. Коьртехьо улло диллина лоха гӏант а ду. Схьахетарехь, хӏор а денна молла вогӏу кхуза йеса деша. Охьа а таьӏна, барза тӏе куьг хьаькхира Овхьада. Кхин гур вац цунна ваша а, мостагӏ а.
Овхьад кешнашна йуккъехула охьаволавелира. Баьрзнаш ду низам доцуш дӏасакхийсина. Керла а, тӏе къух даьлла а, лаьттаца нисдала гергадахана а. Коьртехь хаза, даккхий чарташ долуш а, лоха, шога тӏулгаш, ножан дечигаш йоьгӏна а, хӏумма а йоцуш а. Нийсса ах кешнашна гӏевлангахь хӏолламан гӏуркхаш ду. Кхузахь а хаало стаг дуьненахь муха ваьхна. Таро йолчун каш билггал ду. Асхьадниг санна, ӏожалло а къастийна хьалдерш а, къенаш а.
Овхьада шен ойла йира. Мичхьа хир ду-те цуьнан каш? Йа барз боцуш вовр-те иза?
Кешнийн кертах араваьлча, регӏа боьдучу новкъа таьлсаш кочахь хьалайогӏучу Дешина дуьхьалнисвелира иза. Цхьана йукъана доьхна, дист ца хуьлуш лаьттира и шиъ.
– Хьо ма хьалхе арайаьлла, Деши? – хаьттира цо эххар а.
– Регӏа йоьдура со-м, Овхьад. Хьо кешнашка веанера?
– Хӏаъ.
– Бохам хилла-кх хьуна, Овхьад. Ваьшка хиттинехь, хуьлуьйтур дацара-кх вай иза. Дала гечдойла цунна!
– Дела реза хуьлда хьуна! Шун гӏуллакхаш муха ду, Деши?
– Дан а дац-кх, Овхьад. ЦІа-цӏе а дац. Эрна арахь дисина-кх.
– Болатан чов дукха луьра йуй?
– Толуш ву иза-м.
– Соьгара маршалла ло цуьнга. Со ӏаьлбаг волчу вахара ала. Йохий ма хьийзалахь,