– ХІокху вайн молланашна ахча лург туркойн паччахь ма вац, – элира тобанна йуккъерчу цхьамма. – Шена мах беллачунна толам боьху-кх цара.
– Дала аьлла ду, Шена тӏехь волчу паччахьна гӏуллакх де…, – гӏам-гӏам дира Товсолтас.
– Ахь, оьрсийн а, туркойн а, дуьненарчу берриг а паччахьашна ӏожалла йоьхуш, доӏанаш динехьара, дика хир дара, Товсолта. Амма ахь цхьаъ къастийна. Хьайна ахча лург, циггахь галваьлла хьо.
Іаьлбага сацийра церан лер.
– Ладогӏал, нах! Тахана шина стеган дов къастий вай. Ший а воккха стаг ву и шиъ. Оцу агӏор шаьшшиъ жималла лелла ала йиш йац цаьршиннан. Ший а ӏеламстаг ву и шиъ. Кхетам цахиларна гӏалат далийтина олийла а дац цаьршиннан. Ший а таро йолуш стаг ву хӏара шиъ. Къоьлло бӏарзвина лелла олийла а дац цаьршиннен. Массо агӏор дуьстича, оьзна, лерича, цаьршимма динарг кхетамехь, шайн лаамехь дина карадо суна. Халкъал лекха а, воккха а паччахь вац. Хилла а вац, хир а вац. Паччахьна, ӏедална стаг дуьхьалвалар къилахь ца лору ас. И паччахь а, цуьнан ӏедал а нийса доцуш хета тарло стагана. Далла хьалха стаг ӏесаваьлча а тардолуьйту ас. Шен кхоллам дала нийса ца бина аьлла хета а тарло цунна. Амма халкъана, шен даймахкана дуьхьалваьлларг, царна зуламе ваьлларг бакъвеш хьукма хилла а дац, хир а дац дуьненахь. Иштта стаг хьакъ вац дуьненахь ваха… Йалх бутт бу кху лаьмнашкахь адамийн цӏий ӏена. Паччахьо, цуьнан ӏедало шена тӏехь латточу къизаллина, харцонна дуьхьал гӏеттинчу халкъан цӏий. Мацалла бӏарзделла гӏеттинчу халкъан цӏий. Хӏокху халачу деношкахь, шен халкъана букъ тоьхна, цуьнан мостагӏашкахьа ваьллачу стагал воккха йамартхо а, зуламхо а вац, суна хетарехь. Хӏокху шина стага, шайн халкъана йамартло а йеш, мостагӏчунна гӏуллакх дина. Хӏара ши стаг бехке хилар гучудаьлла. Шарӏе диллича а, халкъе хаьттича а, гӏиллакхе даьккхича а, хІокху шина стагана уггар луьра таӏзар догӏу. Со аьлла вели. Хӏинца дош шун ду, къаной.
– Кхидӏа дуьнен чохь баха бакъо йац церан, – элира Раджаб-ӏелас.
– Шозза вел бехк баьлла цаьршингара, – резахилира Тозуркъа.
– Висинчу веамма хӏун олу?
– Халкъа йукъахь меттиг бац царна.