Хулхулон чӏожахь, Эрсанахь, Эртана-Коьртехь, Бенахь, Герзель-гӏопехь, Чахкарахь, ӏумхан-Юьртахь, Устаргӏардахь хьалхарчу резерве хӏиттийра коьртехь гоьбевлла командираш болу тоъал йаккхий отрядаш.
Гӏо оьшучу кхосса кийчча Грознехь лаьттара инарлин Виберган 20-гӏа дивизи.
И берриг кечам хилла баьлча, 2-чу сентябрехь шеца йуьззина Курински полк а, 50-гӏа резерван батальон а, гӏалгӏазкхийн йиъ сотня а, хӏирийн сотня а, артиллерин батарея а йолуш Басса тӏе волавелира Смекалов.
Кхаа дийнахь тӏом кхихкира Басса тӏехь. Чим бира Махкатӏех, Элистанжах, Хоттанех, Тевзанах. Тӏаккха таллар долийра хьаннашкахь къайлабевллачу бахархошна тӏаьхьа. Цаьрца цхьана лагере схьалоьхкура бежанаш, говраш, уьстагӏий. Дӏалецначу йарташкарчу бахархойх диг каралаца ницкъ берг хьаннаш хьекха, некъаш даха дӏахӏоттавора.
Амма шера дӏа ца доьдура таІзардар. Кегийчу отрядашка бекъабеллачу ӏуммин гӏовттамхоша, массо маьӏӏехь тӏелеташ, зенаш дора таӏзархошна.
Цаьрга дуьхьало сацайайта, ша ӏеминчу тактике кхевдира Смекалов. Таллархойн командаша хьаннашкара схьалаьхкина къена нах, зударий, бераш йагийначу йартийн овкъарш тӏе гулбора. Царна кхерамаш туьйсура, цхьаъ буха ца вуьтуш, Сибрех бахийта, мохк ӏедалан долабаккха. Эххар а баккхийчу нехан векалш бахкийтира Смекаловна тӏе. Цара схьахьедира, шаьш ӏедална муьтӏахь хилла совцу аьлла.
– Цхьа бутт бу берзина зударий, бераш хьаннашкахь лечкъа, – бохура цара. – Мацаллой, шелоной бӏарздина адамаш. Къинхетам боьху хьоьга, инарла…
– Къинхетам бийр бац! – доцца хадийра Смекаловс. – Шу ӏедалан мостагӏий ду. Кхин йарташ йухайевлча а, къар ца луш, дуьхьало йина аш. Поручик Ойшиев! Шемал-къеде спискаш йайтал схьа мел веанчун. Кхо де хан йу шуна. Цул тӏаьхьа хьаннашкахь карийнарг вийча, гӏовгӏа ца йер аш.
Баккхий нах цхьана минотана дӏатийра. Сацамболлуш дара инарлин омра.
– Дика ду, инарла, – ойла а йина, вистхилира векалшна хьалхаваьлла Чопал-Хьаьжа. – Оха схьадалор ду хьаннашкара дерриг адамаш. Амма ахь дош ло, уьш кху махкахь дита.