сацамболлуш йухатоьхнийла. Нахана йукъара схьа а ваьлла, йуха а Смекаловна хьалхахӏоьттира воккха стаг. Дегӏ а нисдина, къоьжа корта халла хаалуш агӏор а баьккхина, хьалхачул аз айдина, сацамболлуш жоп делира цо:
– Инарла! ХІокху лаьмнел, тхешан доьзалел, тхешан синойл деза хӏума дац тхуна дуьненахь. Хӏара лекха лаьмнаш, деши дина, ахь схьадаларх, ахь цӏераш йаьхна нах хьоьга дӏабалалур бац тхоьга. Уьш халкъан маршонан дуьхьа гӏевттина. Ахь тхоьгара йамартло лоьху, иза йан ницкъ бац тхан. Далур доцург, оха дендоцург ма деха тхоьга, инарла.
– Дика ду, – тхьамданашна тӏе бӏаьрг боьгӏна, корта таӏийра Смекаловс. – Дика ду. Хӏета, Іедалерчу къинхетаме дог ма дахалаш!
Смекаловн а, Эристовн а шина отрядо Басса тӏехь йукъахьовзийначу ӏуммас Чӏебарла ваха гечо лоьхура. Амма, дӏа ког мел баьккхинчохь, мостагӏ лаьттара. Хулхулоний, Бассаний йуккъерчу лекхачу лома тӏе хьала а ваьлла, турмалца дӏаса бӏаьрг туьйхира ӏуммин Дадас. И хьаннаш, чӏажаш, боьранаш сийсош адамаш гора. Деттачу дагарший, херцочу къеначу дитташий йаьккхинчу гӏовгӏано къарйинера и агӏо. Ирахь догура зоьртала къена маьънаш, пепнаш, нежнаш. Сийна кӏур бара Хулхулоний, ӏаьржа-Ахканий, Бассаний, Гӏамар-Дукъаний тӏехула хӏоьттина.
Некъаца шиний агӏор йолу хьаннаш хьекха, хӏаллакйан, йаго кхуза гулбинера дишний, харачой, эрсаной, элистанжой.
Изза хьал дара бенойн йарташна гонаха а, Яьссица хьала а, Пешхойн-Ломахула Басса тӏе догӏучу некъашца а. Кхузахула дӏа Іаьлбагна тӏегӏур ду бохург хьехочохь а дацара. Хьаннаш хьоькхучу бахархошна гонаха ха деш а, дерриг некъаш дӏалецна а лаьттара эскарш.
– Дехьадовла ков дац хӏокху агӏор а, – турмал охьайахийтира Дадас. – Массо колл, кӏаг дӏалаьцна дена неӏалт хиларша!
– Со а хьажийтахьа, – турмал дӏаийцира уллохь лаьттачу Бугӏас. Турмал, нис ца луш, йехха дӏасахьийзийра цо. Цкъа стигала хьала, тӏаккха нийсса хьалха нислора. Эххар а мохь белира цуьнан: – ДІо хьуьнхара арадаьхна далош адамаш ду! Зударий а, бераш а. Хулхуло чухула хьала керла бӏо а богӏу. Цхьаъ, шиъ, кхоъ… Йалх йоккха топ йу.
– Вало, дӏавоьду вайша. Иштта, бага а гӏаттийна, дӏасахьоьжуш латтахь, тоьхна вожор ву.