аьккхий, салатавхой а меттахбаха. Тӏе, инарла-адъютанто Меликовс хаамаш бора, ӏаьлбаган агенташ Іаьндахь а, Чамалалехь а жигара болх беш бу, оцу шина йукъаралло иза шаьш долчу дӏакхойкху бохуш.
Къизачу таӏзарша дӏатейина аьккхийн, зандакъойн, бенойн йарташ а, Салатави а йуха а карзахйийла йоьлча, кхеравелира полковник Батьянов. Цо тӏаьхьий-хьалхий Владикавказе телеграммаш кхоьхьуьйтура, цаьрца ларо шен ницкъ бац, Веданара охьа шена гӏо даийта бохуш.
Нохчийчохь а ца ларалучу Свистуновга гӏо доьхура эло Меликовс а. Ӏаьндахь лаьттачу эскарийн дакъошна провиант латто ницкъ бацара цуьнан. Меликовн дехарца, Нохчмехкан йарташкара ворданаш вовшах а тоьхна, оцу вочу некъашкахула Ботӏлихе провиант кхоьхьуьйтура цо. Оцу деношкахь правительствона доккха гӏо дира Эристовс а, Аваловс а. И шиъ бахьанехь гӏаттам аренга-м муххале а ца баьржира, мелхо а, цаьршиннан аьтто хилира дуккха а йартийн бахархой хьаннаш хьекха а, шайн доларчу ворданашца беной, махкатӏехой, зандакъой дӏакхалхор вовшахтоха а.
– Мятежца дерг, лаххара а, цхьана кӏиранах чекхдаккха дезар ду, Алексей Михайлович, – латийна цигаьрка бага а йуьллуш, хьалагӏеттира Свистунов, – хьайн карахь болчу ницкъашца. Жимма ӏийча, царах а цхьаберш Дегӏастана дӏабехарна кхоьру со. Масех де хьалха Батьяновс, шега ас оцу агӏор дерг чекхдаккха аьлча, ткъа дийнахь собардайтар дийхира соьга. Хьаннаш тӏера гӏа ца доьжча, операци йан хала хир ду, бохура цо. Амма селхана телеграмма йаийтина, ша зандакъойн йарташкахь операци йоло кийча ву аьлла. Цигара дӏа Бенахула чекх а валий, Хаси-Юьртара хьалайогӏучу Батьяновн отрядна дуьхьал а гӏой, симсаройн хьаннашкара мятежникийн баннаш дохаде. Нагахь Батьяновс ша ӏаьлбагца ларор ву бахахь, масех ротица ӏаьнда гӏо. КІеззиг ницкъаш Чӏебарлахь а битий, подполковник Лохвицкий шен отрядца Къоьзан-Іома тӏе а хӏоттаве.
– Батьяновна гӏодар-м декхар дара сан, – элира резавоцчу Смекаловс. – Амма Дегӏастана эскар дахийтар, Александр Павлович, мелла а хьекъале хетац суна.
– И ца дича далац. Цуьнан Императорски Локхаллин приказ ду.
– Ткъа суна эшахь, аренгара гӏо хир дуй?
– Дац. Цхьа цхьамза а хир бац.