лахвелла, когара салтийн тиша эткаш дӏа а йаьхна, хьалаваьлла, Михаилна улло дӏатевжира иза.
Елисей майра стаг ву. ХІокху йалх баттахь виллина дӏа ӏаьлбагний, Коьриний уллохь ву иза. Коьрас къаьсттина чӏогӏа доттагӏалла тесна цуьнца. Мукъачу хенахь Коьрина оьрсийн мотт ӏамабо цо. Ткъа Коьрина чӏогӏа оьшу и мотт. Турцехь туркойн а, ӏаьрбийн а меттанаш ӏемина цунна. Хӏинца цунна оьшург оьрсийн мотт-йоза ду.
Берсас а, Овхьада а кхитӏе а тешийна иза, оьрсийн паччахь мел къиза велахь а, цуьнан ӏедал мел харц делахь а, амма нохчийн халкъана маршо Россера схьа бен йогӏург цахиларх. Россехь цхьа адамаш ду, боху, оьрсийн а, кхечу къаьмнийн а маршонехьа къуьйсуш. Мацца хилла а, церан ойланаш кхочуш хир йу, боху. Церан ӏилма хаа деза, боху, маршонехьа къуьйсучу хӏор а стагана. Цундела оьшу Коьрина оьрсийн мотт. Елисейн а, Овхьадан а гӏоьнца гӏеххьа къамел дан а, деша а, йаздан а ӏемина цунна.
Да вийчахьана, волчунна тӏе а ойлане хуьлура Коьра. Церан цӏийнах хӏара цхьаъ бен ца висина. ХІокхуьнан гӏуллакх а дац тешаме. Тахана йа кхана тӏамехь Коьра вийча, кӏур бов церан цӏийнан. Турцехь а зуда ца йалийра Коьрас. И санначу цхьаболчу нохчийн эпсарша туркойн зударий балийра. Туркойн ӏедалан шайх тешам хилийта. Гӏуллакхехь лакхабовла. Коьрас ца дира иза, йа нохчийн зуда а ца йалийра. Цуьнан ойла ма йацара цигахь виса. Цуьнан са диллинадӏа хӏокху лаьмнашкахь ма дара.
Коьрас бӏаьргаш биллира:
– Элса!
– Хӏун бах ахь?
– Шемалан заманахь бӏеннаш салтий а, эпсарш а бевлира ламанхошкахьа. Хӏинца хьо цхьаъ бен ма вац тхоьца?
Элсас доккха садаьккхира.
– Шух доглозурш а, шуьца хила луурш а салташна йукъахь дуккха а, дера, бара бан-м. Хӏара гӏаттам болабеллачу хьалхарчу деношкахь цхьана буса тхо кхоъ салти велира шуьгахьа. Цул тӏаьхьа массанхьа а эпсарша бӏаьрг сема латтабо салташна тӏехь.
Коьра дикка ойла йеш ӏийра.
– Хӏаъ, Элса, хьалха тӏом болуш бӏеннаш оьрсийн салтий а, эпсарш а бевлира нохчашкахьа. Тхан халкъан маршонехьа къуьйсуш леташ, турпала ийгира уьш. Шен ницкъ кхаьчча, тхан халкъо, дийнна тӏулган лам санна, доккха чурт дугӏур дара оцу салтийн безамна, тхох дог мел лезначу оьрсичун безамна. Уьш бицбелла бац