хьан локхалла. Хьаннашкара гӏа ца доьжна хӏинца а. Цига йахана отряд мятежникаша лаххьийна хӏаллакйийр йу.
– Эхӏей, сан Дела, йаІ! Кху сохьта бенойн йарташкахь цхьа са а ма ца дисина. Даьттахой, чеччалхой, гендарганой а вайгахьа бу. Дуьххьалдӏа ӏаьлбаган цхьа кана гӏеранна дуьхьал кхо батальон, гӏалгӏазкхийн шиъ, гӏумкийн цхьаъ сотняш а, артбатарея а йу шун. Тӏе, отрядна гӏоьнна аьккхийн, салатавхойн дружинаш йу вовшахтоьхна. ХІетте а, бӏо ца булу шун? Суна-м эхь хета хьоьга ладоьгӏуш, подполковник.
– Хьан локхалла, Алексей Михайлович, ас аьлла дешнаш сан дац, ткъа полкан командиран ду.
– Ой, хӏокхо ӏаьнда гӏо ма боху соьга! Ткъа иза командующин приказ ма ду, – схьаэцна, Свистуновн кехат подполковникна хьалха ластийра Смекаловс. – Ас хӏун де ткъа, къинхетаме государь?
– Батьяновн кехатна цхьа жоп даре ладоьгӏург хир ду-кх, Алексей Михайлович. Тхан отрядан ницкъ кӏезиг ма бу, симсаройн хьаннашка йаха.
Баккъал а, кӏорггера ойла йича, Смекаловн йиш йацара, ша масех баттахь хьегна къа чекх ца доккхуш, Іаьлбаг букъа тӏехьа а витина, Дегӏастана дӏаваха. Цо сацамбира, йерриг отряд Симсара а кхоьссина, цкъа ӏаьлбагца дерг чекхдаккха. Сацам – сацам бу, амма иза кхочушбан тешаме план йезара. ТІе, хӏара кхоалгӏа де дара Смекалов шен отрядца, хьалха дӏагӏойла а, йа йухавала а йиш йоцуш, бенойн йарташкахь воллу. Хӏара йагийна Іалхан-кӏотар шатайпа резиденци йара цуьнан.
Мелла а хьекъале ойланаш дагайогӏур йац-те аьлла, шена жимма мох-малх кхетийта дагахь араваьлла, лекхачу гу тӏехь лаьттачу кӏотаран малхбален йисте велира иза. Кхузара дӏа дика гора йерриг бенойн йарташ. Нийсса дуьхьал ТІерга-Дукъан басенца йаьржина йагийна Булгӏат-Ирзе а, къилбехьа хьаннашна йуккъехь Даьттахера масех цӏа а гора. Цигахула Яркхсуца хьала беккъа цхьа некъ бара симсаройн хьаннашка боьдуш. Некъаш-м кхин а хила тарлора, амма отрядехь цхьа а вацара уьш хууш.
Гонаха бӏаьрг биттина, меллаша шен четаре йухавирзина Смекалов паргӏатвала а кхиале, чувеанчу капитано Пруссаковс хаам бира, Іаьлбаган туьпара веана цхьа стаг ву аьлла.
– Хӏун стаг ву иза? – хаьттира цецваьллачу Смекаловс.
– Хаац. Ша вайна пайдехь хаамаш