Козловский йуьртана улло гӏорта ца ваьхьара. Дахкарлахь цӏеххьана кӏелонна теӏоттаваларна кхоьрура иза.
Цхьа сахьт даьлча, йухавеанчу Къосама дийцира Козловскийн колонна мичахь лаьтта.
– Суна хетарехь, йуьртана тӏелата ойла йац церан, – дерзийра цо тӏаьххьара а. – Йоккха топ Симсарна тӏебогӏучу некъана йуьстаха хӏоттийна йу. Салтий а, гӏалгӏазкхий а дукхе-дукха паргӏатбевлла ӏа, хӏинций-хӏинций йухаберза дагахь санна.
– Схьахетарехь, цхьана хӏилланна баьхкина уьш цига, – элира ойла йеш ӏачу Коьрас.
– Хехь лаьттачу вайн накъосташкара хабар-м ма дац.
– Баьхкина, тӏе ца ӏиттабелча, мостагӏ генара гойла дац царна. Дохк ду иттех гӏулч генара хӏума а ца гуш.
– ТІе, буьйса йулуш а йоллу.
– Суна хетарехь, тӏамна кийча хила деза вай, – жамӏ дира ӏаьлбага.
Оцу минотехь чувеара ха дан хьовсийначу нахах цхьаъ.
– Эти-Коьртехула схьа бӏо богӏу! – элира цо, хьуьхьвоьлла.
– Дукха буй салтий?
– Хаац. Дахкарна ца гора.
– Муьлхачу новкъа богӏу уьш?
– Булгӏат-Ирзехула схьабевлла.
– Симсарна тӏебогӏу-кх уьш.
– Йурт ларйан ницкъ буй-те вайн? – элира Солтмурда шина даггахь. – Шиний агӏор тӏебогӏуш бӏо бу, ткъа вайн орцане догдохийла а йац.
– Йурт ларйан доьлча, иза йохор йу цара, – корта хьовзийра Коьрас. – Стенна оьшу нахана зуламдар? Цул, Яркхсу тӏехь дуьхьалдевлча, бакъахьа хета суна.
– Тӏом ца беш, йухадевлча, муха хир дара-те? Ма кӏезиг ницкъ бу-кх вайн! – дуьхьало йан ша резацахилар хаийтира Солтмурда йуха а.
– Ахь хӏун олу, Раджаб-ӏела?
– Даим девдда лелла девр дуй вай, ӏаьлбаг-Хьаьжа? Лата деза-кх.
– Нурхьаьжа?
– Коьрас ма-аллара, Яркхсу тӏе а диссина, лата деза.
Іаьлбаг хьалагӏеттира.
– Хӏета, хӏораммо а шен бӏо тӏамна кечбе. Солтмурд, хьой, Сулиманний Эти-Коьртехула богӏучу бӏонна дуьхьалвала. Раджаб-ӏела Чеччалхера охьабогӏучу бІонна дуьхьал гӏо. Элса, ах бӏе стагаца хӏокху ломан къилбен агӏонца чу а воьссина, Бенара охьадогӏучу эскаран букъа тӏехьа волу. Бисинчу нахаца со Яркхсу тӏехь соцу. Зен хуьлучу далахь, кӏез-кӏезиг йухадовла. Нагахь, цхьа Делан кхел хилла, вайн эшам хилахь, дийна бисинарш кхузахь цхьаьнакхетар вай. Хӏан, же, кӏентий, Дала аьтто болда вайн!
Амма Раджаб-ӏелин а,