дийр ду? – воьхна хьаьвзира ӏаьлбаг.
– Кхузахь вуьтур вай. Жима ма ву иза, цунна хӏумма а дийр дац салташа.
Хӏинца гобаьккхина йуьйлура тоьпаш.
– ТІаьхьа ду, кӏелхьардовла некъ бац вайна, – элира ӏаьлбага. – Чиркх дӏабайъа. ТІамна кечло.
Чиркх дӏа а байъина, корашкий, неӏаршкий дӏахӏиттира нах. Амма арахь хьере йен кхийссарш цӏеххьана лагӏйелира.
Дуьйра-Корта дӏалаьцначу отрядах а къаьстина, йухабуьйлучу гӏовттамхошна тӏаьхьара ца волуш вогӏу ткъех салти вара хӏокху цӏенна тӏеӏоттавелларг. Арахь лаьттачу гӏовттамхоша сихха йухабехира уьш. Кхузахь шаьш гӏовттамхойн йоккхачу отрядна тӏенисделла моьттуш, жимма йуха а бевлла, и цӏа шайн тергамна кӏел латтош, гӏо деха стаг хьажийра цара.
Аре дӏатийча, Къайсар а, Елисей а шена тӏекхайкхира ӏаьлбага.
– Хьада, ара а валий, цигахь бисина нах а гулбай, йухадовла кечам бе.
И шиъ араваьлча, жимма ла а доьгӏна, арабовла кечбелира чохьбиснарш. Амма оцу минотехь хьалхарчул алсам тоьпаш йевлира Яркхсун аьрру агӏон тӏехь. Йуха а хьере кхехкабелира тӏом. Сехьа агӏонна тӏехь дӏайетта тоьпаш нилхо йара. Шен дагахь кхузахь летта вала сацамбина ӏаьлбаг сих ца лора аравала. Амма хӏинца тӏаьхьа дара. Йетта тоьпаш цӏенна хьалха кхечира. Корехь лаьттачу Коьрина гира каралаьцна топ йолуш кху цӏенна гергагӏерта стаг. Тӏерачу духарх иза эпсар вуйла хиира цунна.
– Хӏей, цӏа чохь дерш! Герз охьа а диллий, арадовла! – нохчийн маттахь вистхилира иза.
– Элбин аз ду-кх иза, – хьалхарчу коре дӏахьаьдира Солтмурд. – Ван а ву!
Коьрас, вист ца хуьлуш, Элбин некха тӏе а лаьцна, топ туьйхира. Коьрина гира цуьнан карара топ охьайужуш а, аьтту куьг охьакхозалуш а. ТІаьхьабогӏучу салташа корашка а, неӏаре а тоьпаш тӏекӏирйира. Къайсар а, Елисей а коьртехь арахь бисинчу кӏеззигчу гӏовттамхоша, хьуьна чу а бевлла, тӏе тоьпаш йеттара. Амма шиннахьарниш а ларбора йуькъачу дахкарой, дитташий, тогӏи чуьрачу даккхийчу чхернаший. ЦІенна хьалха лаьтта салтийн тоба хӀор а минотехь стамлора. Хӏинца уьш, хина лахахулий, лакхахулий сехьа а буьйлуш, цӏенна готаса гӏертара.
– Іаьлбаг-Хьаьжа, эрна йу вайн дуьхьало, – схьавирзира Солтмурд. – Кӏелхьардовла деза. Пхоьазза топ йузий