Герз буйнахь кхерсташ йу хьан къиза гӏера,
Йагайеш тхан йарташ, бошмаш а, хьаннаш.
Къизалло кхерийначу зударийн, берийн
Маьхьарша Іадийна тхан лаьмнаш, ӏаннаш.
Тхан халкъан масанне турпалхо вайна,
Даймахкахь тӏехІотта кошан барз боцуш,
Байна уьш, хӏоттийна чуртан тӏулг боцуш,
Халкъан сий лардина къонахий майра…
– Хӏейт, гора, кӏентий, йаӏ!
Амма тхан бакъо йац къарделла, совца,
Турпалчу тхешан дайн весеташ дохо,
Къийсаман новкъара нацкъара довла,
МостагІчун герзана дуьхьал букъ тоха!
Бакъо йац нохчочун – маршонан кӏентан –
Дуьненахь цхьанне а хьалха гора хӏотта,
Ма гӏерта тхо къардан, къарлур дац хьоьга,
Стогаллех ца духуш, тхо лийр ду леташ.
Ӏаннашца, аьрцнашца шалха-кхалха дуьйлуш кхерстина и илли эххар а сецира. Цуьнан ницкъо гӏаттийча санна, цӏеххьана баьллачу чехкачу мохо айъина ло, хӏаваэхь бӏийзалгаш йеш, хьаьвзира.
Хӏораннан бӏаьргаш охьа чу, ломан когашка а догӏаделла, севццера. Царах цхьаболчарна хаьара ӏаьлбага нохчийн а, ӏаьрбийн а меттанашкахь назманаш а, иллеш а йаздеш хилар. Амма цкъа а ца хезнера цо уьш ша олуш. Хӏара дуьххьара дара. Ӏаьлбаган дуьххьарлера илли тӏегӏертачу ӏожаллина сацамболлуш жоп, цхьа шатайпа ясин санна тӏеийцира хӏораммо а.
ТІаьхьа-тӏаьхьа хьерадуьйлура дарц. Амма наха ца йохайора хӏоьттина и хьурмате тийналла. Дусаделлера Елисейн, аьрзунан тӏемаш санна, дӏасадаьржина дуькъа хьаьрса цІоцкъамаш. Янаркъина а, Хьайбуллина а йицйеллера шайн забарш а, йерзинайевлла, шелоно сенйина меженаш а. Шега цхьаммо хӏумма а ца аьллехь а, Михаил а кхеттера и илли ӏожаллина хьалха йуха ца бовла биъна шатайпа дуй хиларх. Букъа тӏехьахула пхьарс а тесна, Янаркъа шена тӏе а озийна, леррина цуьнан бӏаьргаш чу а хьаьжна, велакъежира иза.
– Хӏун боху ахь, Мишка? – хаьттира вукхо, иза мара а къовлуш.
– Летта лийр ду вай, Янек!
– Амма эрна-м лийр дац, – корта ластийра Янаркъас.
– Хӏаъа ткъа, Янек. Вай гойтур ду мостагӏашна ламанан аьрзунаш муха ле!
Шина доттагІчо шабарца йина чӏагӏо цхьанне а ца хезира. Шен даг чохь изза чӏагӏо йеш вара хӏор а.
Масех минотехь лаьттина и хьурмате тийналла йохийра ӏаьлбага.
– Кӏентий, дика ладогӏал соьга, – элира цо, хьала а гӏеттина.
Вуьшта а тийна ӏен нах ӏаьлбагехьа бирзира. Селхана дуьйна ладоьгӏура цара хӏокху миноте.