Чевнийн моьнаш а ду дегӏ дуьззина. Хӏинца йуха а со, дейтта шаре йуха а вигна, дӏахӏоттийча, йуха а оццу новкъа вер вара со. Цуьрриг дохко а ца ваьлла. Амма цхьаъ ду ас сайна гечдийр доцуш. Оццул суна безна, ас шен дуьхьа цӏий ӏенийна, бӏаьрнегӏар ца тухуш, шен дуьхьа са дӏадала со кийча хилла даймохк а битина, наха дуьйцучух ӏеха а велла, шу а далош, кхуза схьавар. Амма хирг хилла даьлла. Хӏара нислур дац, вай делхарх. Вай кхузахь диса йиш йац. Дийна висинарг цӏа гӏур ву. Ши бер эций, цаьрца дӏагӏолахь. Кӏанте дийцалахь, со муха ваьхна, стенан дуьхьа ваьхна. Даймахке, халкъе безам латтабелахь цуьнан даг чохь. Маршонехьа къийсам ма сацабе, алалахь цуьнга. Иза сан весет ду. Ткъа хьо а ма йелха. Хьо-м нохчочун нана йай. Хьо йацара ткъа, луьра чевнаш хилла, со цӏа масазза валаво, уьш сан йоьхкург, суна уллохь набарза буьйсанаш текхнарг? Хьо йацара ткъа, ас вайн йурт, къен лаппагӏа ларйеш, суна улло а хӏоьттина, мостагӏех леттарг? Дог чӏогӏа, собаре, къонах хила ма йеза нохчочун нана. Цунна эхь ма ду, осала хилча. Ма йелха. Вайшиннан кӏант кхиаве. Цуьнга дӏало вайшиннан безам».
Болатан къамеле ла а доьгӏуш, иза маракъуьйлура Дешис.
– Оцу буса кхелхира дада. Орца ала дӏахьаьдира со. Аьрзу а, Маккхал а, ӏела а волчу. Дада дӏаволла кечвеш, со араваккха гӏоьртира нана. Амма Аьрзугӏара чохь сацийра. «ӏадвита, – элира. – Дерриг ган, дагахь латто». ТІаккха нана а, йиша а кхелхира. Хийрачу махкахь, горга бо хилла, цхьа висира со. Ӏелагӏара даймахка валийра… Дицлац суна и денош. И жоьжахати. Цкъа а дицлур дац. Къаьсттина сайн доттагӏ Соип вицлац. Мацалла леш йоллучу нанна кемсийн кан баккха цхьана хьалдолчу туркочун беша ваьлча, цигахь вен а вийна, эвлал ара, берда кӏел, варша кхоьссинера иза. Мацалло араваьккхина, хьаннашкахь кхерсташ, цуьнан докъана тӏенисвелира со. ЖІаьлеша къуьйсуш ӏуьллучу… Ас а, со санначу эзарнаша а лайначуьнга хьаьжча, хӏара хьуна тӏенисделларг ловзар ду хьуна, Деши. Варийлахь, собаре хилалахь! Къонах хилалахь. Хьо-м нохчочун нана йай. Хьо-м маршонан кӏентан зуда йай!
Са а уьйзуш, дӏатийра Деши. Цаьршимма ца ӏебаш вовшийн маракъуьйлура. Амма Дешин кийрахь тохалучу беро дӏасахоьцуьйтура.