– Хӏинцца.
Кхидӏа хӏун эр ду а ца хиъна, сецира Іаьлбаг. Ӏуммин догъэца ша кӏезиг хетара цунна.
– Хезний хьуна вайна бинчу тешнабехках? – хаьттира ӏуммас, шен буьрса цІоцкъамаш хьала а тоьхна.
– Хезна. Со-м хьох дагавала веанера. И хьехочохь а дац-кх вай.
– Хӏунда?
– Кӏант Іуьллу вийна…
Ӏумма цавашаре велакъежира.
– Сан кӏант вийча, вай доьхна хьийза деза? – элира цо ӏоттаре. – Нехан ца белла дай, кӏентий, вежарий? Мичахь ву Мохьмад-Хьаьжа, ӏабдул-Межед?
– ДІогахь, майданахь.
– ХІорш хӏун деш лаьтта? Тӏом хӏунда лагӏбелла?
– Нах реза бац. Цара дуьхьало йо имамна.
– Хӏета, вайнах тӏегулбе. Вай летар ду тӏаьххьара стаг вожжалц.
– Эрна хир ду и, ӏумма-Хьаьжа. Вайниш а байъина дуккха а.
– Хьуна хӏун лаьа ткъа?
– КІелхьардовла.
– ХІокху кхолха гонна йуккъерий?
– Хӏай-хӏай.
– Жима ву хьо, ӏаьлбаг. ХІокху йукъара довлалур дац вай. Летта дала деза.
– Ой, кӏилло санна, со ведда кӏелхьарвала воллу, моьтту хьуна? Хӏокхара вай инарле дӏалур ма ду. Схьалецна бохург ца дезара суна. Мостагӏ кхардо, цуьнга сийсазвайта лаац. Го хадо гІоьртур вай. Лийриг – лер, вериг кӏелхьарваьр. ТІамна кечло… Шемалах хӏун до вай?
– Нахах хирг хир хӏокхунах. Вайниш дӏабохка кхуьур дац-те?
Амма уьш ца кхиира байъинарш дӏабохка.
Дуьхьалойечу кӏеззигчу нехан тоьпаш йуьйлура. Шениш тӏе а бехна, цаьрга шен ӏалашо а йийцина, го хадо гӏоьртира ӏаьлбаг. Амма, дӏа мел гӏоьртинчохь, йоккхачу дуьхьалонна тӏеӏотталора. ДІа мел гӏоьртинчохь лахлора цуьнан жимачу отрядан барам. Эххар а, буьйса йоьлча, кӏеззигчу нахаца кӏелхьарвала аьтто хилира ӏаьлбаган.
Амма СогІратӏлахь висира Іумма а, цуьнан кӏант Дада а, Залмин Дада а. Цигахь го хадош байъира ӏаьлбаган бераллин доттагӏий Къайсар а, Коьра а, майра Елисей а, самукъане муьжги Михаил а…
Селхана хиира ӏаьлбагна ша дӏаваханчул тӏаьхьа Согӏратӏлахь хилларг. Цаьршиннан къамел хиллачул тӏаьхьа Мохьмад-Хьаьжа волчу вахана ӏумма йухаван ца кхиийра. ГІовттамхошна йукъара ӏедало эцначу наха, лецна, инарла Меликовга дӏавелира гӏаттаман жигарчу дакъалацархойх 274 стаг. Царна йукъахь бара ӏумма а, ший Дада а, дегӏастанхойн гӏаттаман тхьамданаш: къена ӏабдурахьман, цуьнан кӏант имам