Пруссаков шена тӏеволавелча, дуьхьал куьг тесира ӏаьлбага.
– Тӏаьххьара а цхьа дехар ду сан. Гӏала набахте дӏакхаччалц, сан дегӏ маьрша дитар. Тӏаккха шайна луъург дер аш.
– ӏедална тӏеварах дохко а ваьлла, вада-м гӏоьртур вац хьо, ӏаьлбаг? – хаьттира Аваловс.
Цуьнга хьаьжна, вела а къежна, сацамболлуш корта ластийра ӏаьлбага.
– Иза дагадан а ца оьшу, полковник. Оцу агӏор паргӏат хила мегар ду хьо…