– Ахь цхьацца йарташна таӏзар ма дира?
– ӏедалан маттаца сайна дуьхьалйевллачарна дира иза а.
Мартан 4–6-чуй деношкахь дӏайаьхьира суд. Бехкевина ткъе цхьаъ стаг, шаьш суьйранна пхьоьхана бевлча санна, лохха вовшашка къамелаш а деш, хевшина ӏара. Наггахь, цара гоьл тӏе баьккхина ког хуьйцуш, йа куьг хьадича, татанаш дора когех а, куьйгех а тоьхначу болатан буржалша. Суьдо делкъе йеш, шаьш цхьана цӏа чу а дуьгийтий, делкъан ламазаш дора тутмакхаша.
Цхьа а бехках хьалхавала ца гӏоьртира, цхьаммо а гечдар а, таӏзар кӏаддар а ца дийхира. Хьала мел гӏаттийначо, ӏаьлбага аьллачунна тӏетоха а, тӏера дӏадаккха а хӏумма а дац шайн, олура.
Суд бехказлонна йеш йара даррехь. Бехкебечийн кхоллам хьалххе дуьйна билгалбинера. Кхоалгӏачу дийнахь де делкъанга долуш, наб хьоьгӏуш ӏачу тӏеман-аренан суьдан председатело шена хьалха ӏуьллучу список тӏехь хӏораннан цӏарна дуьхьал цунна догӏу таӏзар билгалдира. Гарехь, бехкебечийн кхолламах дерг ӏедало, хьалххе сацам тӏеэцна, чекхдаьккхинера…
Хӏинций-хӏинций тутмакхаш схьакхочу бохуш, ладоьгӏуш лаьтта адам. Шийла йу. Лайца ийна серсачу догӏано тӏадо долийна адамаш, цецах санна, бедарех чекхбуьйлу шийла мох.
Кхузахь а декъаделла адам социальни классашка хьаьжжина. Хьалхарчу могӏаршкахь эпсарш, гӏалин чиновникаш, станицийн, йартийн а лакхенаш лаьтта.
Ткъа тангӏалкхашна гергахьара меттиг хьаькамашна йелла. Цигахь бу хӏинцца схьакхаьчна инарлаш: Смекалов, Виберг, Чермоев, полковникаш: Эристов, Беллик. Царна тӏехьа бу эпсарш: Мустафинов, Мовсаров, Ойшиев, Мамаев, Саралиев, туркойн тӏамера цӏабирзина Шерипов, Лаудаев, нохчийн кхин эпсарш а.
Оцу къорзачу тобанна йукъахь къаьста коьртах хьарчийна кӏайн чалба а, тӏейуьйхина баьццара оба а йолуш суьлхьанаш карахь лаьтта округан къеда Юсуп.
Кхуза гулделлачу адамашна йукъахь дуккха нохчий а бу. Къений, къоний. Зударий, бераш. Гонахарчу йарташкара нуьцкъах балийна уьш. Хӏара кхел кхочушйеш хьовсийта, ӏедална дуьхьалваьллачунна хиндерг гайта. Кхузахь гинарг цаьрга йарташкахь даржадайта. Адам кхеро, Іадо. Халкъ кхин цкъа а ӏедална дуьхьал ца гӏаттийта.