Грозный. 13 апрель, 1882 шо.
Кху тӏаьххьарчу шерашкахь Россехь хиллачу маршонехьа боламан йуьххьехь хӏокху лаьмнашкахь, цӏеххьана къегина, дайна ткъес дара нохчийн тӏаьххьара гӏаттам.
Тахана пхи шо кхечи иза болабелла.
Оцу пхеа шарахь дуккха а даккхий гӏуллакхаш хилла Россехь. Шайн адамаллин бакъонашкахьа а, лаьттехьа а къуьйсуш, ахархоша хаддаза ӏедална дуьхьалонаш йира шовзткъа гергга губернешкахь. Карзахбевлира оццул паччахьна муьтӏахь болу Донера гӏалгӏазкхий а.
Цхьамзанийн а, шодмийн а, каторгийн а гӏоьнца машар хӏоттийра 34 губернехь.
Маршонан къийсамехь керла ницкъ гучубаьлла Россехь. Иза белхалойн класс йу. Гӏаланашкахь кхоллайелла революционерийн организацеш. Белхалоша забастовкаш, стачкаш йира Петербургехь, Москвахь, Киевехь, Харьковехь, Одессехь, Владимирехь, Казанехь, Воронежехь, Ивановехь, Калугехь, Пермехь, Бакухь, Рыбинскехь, Нарвехь, Лодзехь, Белостокехь, кхечу гӏаланашкахь а.
Таханлерчу революционни боламна коьртехь интеллигенци хилла ӏац, царна йукъахь бу белхалойх а, ахархойх а схьабевлла нах. Церан идеяш а, некъаш а гал ду бохуш а дуьйцу. Уьш Россерчу революцин боламан пионераш бу. Дуьххьара долийнарг гӏалат доцуш а нислац. Хир шена церан гӏалаташ. ТІаьхьайогӏучу революционерийн тӏаьхьенашна урок хир йу иза, церан гӏалаташ нисдеш, керлачу нийсачу новкъа гӏор уьш. Амма таханлерчу революционераша, халкъ маршонехьа кхойкхуш, гӏаттош, шайн дахар а, синош а ца кхоадо. Иза турпал масал ду революционерийн керлачу тӏаьхьенна. Шаьш хӏаллак а хуьлуш, вен гӏоьртира уьш петербургски градоначальник, вийра жандармийн шеф. Эххар а вийра паччахь Александр Шолгӏаниг а.
Революционераша шайн къонахалла, доьналла гайтира гӏарайаьллачу, масех баттахь йахйеллачу «193-н» а, «50-н» а суьдан процессашкахь. Цкъа а лийр дац оьрсийн белхалочо – революционеро Петр Алексеевс, ша суьдана хьалха хӏоьттича, дина къамел. Россин революцин исторехь шен турпала цӏе йазйина политически гӏуллакхашна бехкейина дуьххьара ирхъоьллинчу оьрсийн зудчо Софья Перовскаяс. Иштта турпала цӏераш дуккха а йахалур йара соьга. Амма иза историна дуьтур ас…