суна хаа ма ца хаьа. И хьер йуьллучу гӏойша, цигахь Асхьад хир ву шуна.
Хӏорш хьер йуьллучу дӏакхаьчча, цӏе йаьллачохь санна, сихбина цигахь белхаш беш иттех стаг карийра царна. Меттиг аьтто болчохь хаьржинера Андрейс. Яьссин аьрру агӏонна тӏехь, хин тогӏих айъайеллачу нийсачу экъанна тӏехь. Экъанан лаха йисттехь таьӏна, боккха боцуш боьра бара. Оцу чу хьер йиллича, цкъа-делахь, латта ахка ца дезара, шолгӏа-делахь, нийсачухула татол доккхуш охьадалийна хи лакха тӏера охьа, апарешна чухула шен ницкъаца тӏедогӏийла а йара.
Хӏара меттиг а хаьржина, дӏаваханера Андрей. Кхузахь висинчу Иваний, Яковссий куьйгалла дора Хортӏас йолах лецначу белхалошна тӏехь. Хӏинцале тӏулган нийсачу экъанех стомма бархӏ ког болийнера. Улло бай тӏехь дӏахерцийна попан, ножан нийса ханнаш дара. Уьш цоьстуш, шардеш воллура Яков а, кхин кхоъ стаг а. Дехьо бай тӏе охьабиллина бара тобаза хьеран боккха йалх тӏулг.
Йуьстах, цхьа хӏума-м къуьйсуш, хӏоьттина лаьттара хен бохьуш веана цхьа беркъо мескатхо а, Асхьад а.
– Ши эппаза ду хьуна, – багах шетийн дарц туьйсуш, мохь хьоькхура Асхьада. – Совнаха кепек а лур йац.
– Ши эппаза бохург хӏун ду, ва Асхьад? – ши куьг хьалха а кховдийна, дехаре бӏаьра хьоьжура важа. – Хӏара хен хадош а, схьабан гӏерташ а ас кхаа дийнахь къа ма хьегна! Цӏерий, кха тӏерий гӏуллакхаш а дитина, ӏедалан налог такха сом-ком йаккха гӏерташ лелара-кх со. Кхо эппаз мукъане а лохьа…
– Кепек а лур йац кхин!
– Ой, бусалба вац хьо, ма лехьа харц!..
– Бусалба вара бохуш, ас хьуна ахча дала-м ца деза?
Гӏаддайна, ши куьг гӏорасиз охьа а хецна, гӏо доьхуш, тӏевеанчу Къайсаре хьаьжира мескатхо.
– Хьажахьа, къонах, ма харц лоь-кх хӏара стаг соьга. Кхаа дийнахь къахьегна беана хен шина эппазнах беза-кх кхунна!
– Кӏезиг ло ахь, Асхьад, – гӏо даккха гӏоьртира Къайсар. – Цхьа миска ма ву хӏара, тӏетоха и цхьа эппаз.
– Ахь эцахьа и хен, Къайсар.
– Суна ца оьшу иза.
– Суна а ца оьшу.
– Ах сом мукъане а лохьа, Асхьад. Ас кхин а пхи хен бохьур бара хьуна. Ӏедало хьийза ма во со, налог дӏайоьхуш.
– Ши шай тӏетохахьа, цунах хьан хьал а кхачалур дацара, – йукъагӏоьртира Янаркъа а.
Гӏовталан кисанара даьккхина дато ах сом мескатхочунна хьалха