Тахана а Нохчийн округашкахь начальникаш а, приставаш а, эскарийн отрядийн командираш а бара масех къомах нах. Амма цхьа а нохчо вацара.
Ишттачех цхьаъ вара Веданан округан начальник гуьржи, эла, полковник Авалов.
Цхьана цӏийх вежарий болчу гуьржашний, нохчашний йуккъехь бӏешерашкахь латточу гергарлонах дара а хаац, йа хӏара эла ша мекара дипломат вара а хаац, амма кхуза ша веанчу йоццачу хенахь Аваловн аьтто хилира шен округехь машар хӏотто. Ницкъаца тӏе а ца кхийдаш, дуьххьалдӏа хаза дийцарца. Цунах теша а тешара нохчий. Аваловс аьлларг шеконехь а ца дуьсура. Цуьнан дош чӏогӏа дара. Ламанхочун дош.
Эла сих-сиха воьдура йарташка хьошалгӏа а, ма-хуьллу нахана герга хила а гӏертара, уьш шайх тешийта а, церан дагара хаа а. Элан майраллех, къонахаллех а бӏаьрг буьзначу нехан мелла а само артлора.
КІезиг бахьана дацара йоккхачу тобанца тахана эла Авалов Гати-Юьрта варан а. Мацах цкъа инарла-лейтенанто Лорис-меликовс дукха сатийсинарг кху некъехь кхочушхуьлуш лаьттара. 1864-чу шарахь цо план хӏоттийнера, нохчех уггар карзахечу нахах вовшахтоьхна цхьа полк мукъане а мехкан чоьхьара гӏиттамаш хьеша йахийта. Хӏетахь ца нисделира иза. Стохка Балканехь дуладелла хьал хӏоьттича, кхузарчу къаьмнех иррегулярни эскарш вовшахтоха сацам хилира правительствон. Хӏинца Кавказан командованин аьтто нислуш бара, кхузарчу массо къаьмнийн цхьацца полк вовшахтохарца, дийнна дошлойн иррегулярни корпус кхолла, амма хӏокху нохчашца дерг, даим санна, цхьа хало йоцуш чекхдала ца туьгура. И полк вовшахтухуш а дикка къахьега дийзира областан администрацин. Гӏуллакх доладалале-м моьттура, шайн лаамехь эскаре бовла луурш оьшучул а тӏех хир бу. Милице ма-хІуьттура уьш атта. Церан болх башха хала ма бацара. Меттигерчу кордонашкахь гӏарол-дар, почтан некъаш Іалашдар, хьаькамашна ха латтор. Шайн йуьртана, доьзална гена а ца бовлуш. Суьйранна доьзалшна тӏе цӏа боьрзийла а хуьлуш. Шайна ло беттан йаллий, говрана хӏоъ эца ло ахчий доьзале а хьовзош. Нохчийн къоьлле хьаьжча, доккха хьал ма дара и нахарташ. Цундела милице доггах боьлхура уьш. Шайн говрашца, герзаца. Цу гӏуллакхна тарлора тӏехаа биъ ког болуш цхьа ӏаспар хилчахьана.