чаболе йелира. Кӏант шел хьалхавала воллийла хиъча, цӏеххьана хьуьна чу а хьаьвзина, ткъох-ткъиххехь когашца декъа дечигаш кегдеш, охьанехьа чутаьӏира иза.
Мохьмад тӏаьхьауьдура бугӏанна. Хӏунда дисира а хаац, дуьхьлоцин йуьхьиг чутаса схьаэцначохь карахь дисина таьлсаш а дара кӏентан кочахь. Хӏара ведча, букъа тӏехьахула кхозу ога хьалакхийсалуш, цу чуьра йаьсса кхийра чӏижалг цхьанаэшшара букъа тӏе йетталора. Лекхачу пепнашна кӏел луьста кхиъна пхонан, бӏаьлланган, цӏуллан диттийн гаьннаш йуьхьах детталуш, беснеш цӏиййинера кӏентан. Ткъа бугӏа-м тоххара гучуьра къайлайаьллера. Цкъа лорах воьдуш, тӏаккха цуьнан когаша кегдечу дечкийн татанна тӏе оьхуш, бехха некъ бира цо. Хӏинца-м, бугӏа карийча а, йухайерзайелча а, ворданна тӏе йухаван а хуур дацара. Мел гӏертарх а, ца сацалора бӏаьргаш чуьра охьагӏерта хиш.
Ткъа малх чубуза гергабара. Нагахь суьйре тӏекхачахь, хӏун дан деза? Кху хьуьнхахь берзалой а, черчий а хуьлу. «Дела йаккха хьо марчонна, ма бале йели-кх хьо йала ткъа!» – Мохьмадан бӏаьргех комаьрша хиш хьаьлхира.
– ӏумма! Ӏумма-а!!!
Йиш халлалц мохь биттира цо. Амма дуьхьал жоп дацара. Цкъа хьалха чуьркан цӏийзарх тера болабелла Мохьмадан узам тӏаккха чӏоггӏа белхаре бирзира. Ткъа хьуьнан чаккхе гуш йацара. Цхьа белш кӏадйелча, таьлсаш вукхунна тӏе а тосуш, басах охьаоьхура Мохьмад. Йерриг дегайовхо лаха чохь ӏарчхе хиларх йара цуьнан. Цунна моьттург бакъ хилахь, ӏинца охьавахча, цӏехьа боьдучу новкъа волура иза.
Дикка дӏаихча, хьуьна йуккъехь даьккхинчу ирзо тӏе кхечира Мохьмад. И кхушара дуьххьара дийнера. Хьуьнан йисте бӏаьрг тоьхча, стерчаша йууш йисина гӏодамийн чӏегӏагаш ӏуьйшуш лаьтта ӏен бугӏа а гина, дог паргӏатделира кӏентан. Цхьа а накъост воцуш вуьсучул бугӏа шеца хилар а синтеме хийтира.
– МІаьлов, Мӏаьлов! Хӏан, хӏан! – хьалха куьг оьхьна, бугӏанна тӏеволавелира иза.
Кхуьнга схьа а хьоьжуш, дегаза нох дохуш лаьттара бугӏа. Хӏинца-м шек а вацара Мохьмад. Кху ирзо тӏера дӏабоьдуш некъ ца хилча ма ца болура.
Сапаргӏатдаьллачу Мохьмадна, ирзона гонах бӏаьрг тоьхча, йуькъачу хьуьна чу боьдуш готта некъ гира. Амма хӏара шен бугӏа цига дӏахьовзо