тӏехволуш, мохь тоьхна араваьккхина ӏусман Васал волчу хьажийра Къайсара, цуьнга Болатгӏаьрга дӏавола ала аьлла.
Васал генара а вовза атта дара: Іай – кетар, бӏаьста – чоа белшаш тӏе кхуллий хуьлура иза. Йуьхьанца-м и шен сакхате пхьарс пхьуьйша болла хала хуьлуш лелара иза, ткъа тӏаьхьа иштта марзвелла висира. Куй а хир бара, мел шийла йелахь а, аьрру агӏор лерга тӏе теттина.
Йиллина шен багахь хуьлучу чӏогӏачу томкин цигаьрканах кӏур бина вогӏу иза хӏинца а, Эсетан суьйре дика а йина, масех дашца хьал-де а хаьттина, Къайсарца цӏа чу вахара.
Боданечу цӏа чохь тӏе цӏена истанг даржийначу поппаран маьнги йисте хиъна, вовшашка хьаьжира и шиъ. Васал шел воккха волу дела – Къайсарна, ткъа Васална – хӏара шел жима велахь а, тхьамда хеташ, хьалха къамел доло ца лаьара.
– Керла хӏун ду эвлахь? – хаьттира Къайсара, и тийналла йахйала йоьлча.
– Сан доттагӏ цӏа веана.
– МІаьчиггий?
– Хӏаъ.
– Хӏунда?
Лоьдгах суйнаш тосуьйтуш, боккха баьккхина кӏур сутара чоьзна, мерехула ара а хецна, куьг ластийра Васала.
– ГІуллакхаш хьалхачул а галдевлла, боху, кхушара. Йукъахь лело лучу лаьттан мах нийсса ах тӏетоьхначух тера ду гӏалгӏазкхийн хьолахоша а. Тӏехула тӏе, сов мах белча а, вайн нахе луш дац.
– И хӏун ду?
– Хаац. Цигарчу къечу гӏалгӏазкхашца вайн гергарло тасадаларна кхоьру хир бу. Вай санна, гӏийланиш ма бу царна йукъахь а. Хьалдолчу гӏалгӏазкхашна бецаш. Муьжгий а бац кӏезиг. Шайн аьтто баьллачу меттехь вайх схьа ма кхета уьш. Цхьана хенахь кхузара дӏа къоланаш дан оьхучу тхуна дукха гӏо дира цара. Хӏинца, вайн нахана сов мехах ца дала, кхечу къаьмнех болчарна дораха дӏало, боху, цигарчу хьолахоша шайн латта.
Къайсарна чам байра. Хӏинца цу дегайовхонах хадахь, кийчча мацалла йу Нохчмахкахь.
– ЦІийдаргийн орамаш кхио хӏунда ца вахана хӏара?
– Уьш кхиор а дӏадаьккхина, боху. Мичара, хаац суна, – Германера ду, ӏаьмаркера ду, – схьакхоьхьучу басарша йуьзна, боху, Росси. Кхузахь орамех кечдечу басарел дика а, иттаза дорах а долчух тера ду уьш.
– Ма гӏуллакх толур ду вайн! – йайн шок туьйхира Къайсара. – Йалта мичара хир ду, налогаш муха такха йеза?
– Салтий а балийна, цаьрга массо керта нуй хьокхуьйтур бу ӏедало.