Тоха горгали!..
Дерриг а декаде горгалеш!
Со вегаво – дарвелла, кӏиллолла дац и,
Сан даг чохь буьрса дарц гӏеттина –
Дераллин, бекхамийн дарц…
Ш. Петефи. Къоме
Тӏамо шена йина чевнаш а, шена дина зулам а бен ца го адамана. Амма тӏамо луьра чевнаш йо ӏаламна а.
Мацах цкъа, тӏе сийна холхаз даржийча санна, бӏешерийн йуькъачу хьаннаша хьулйина хилла Нохчмехкан раьгІнаш, шен исбаьхьчу суьртах йохийна хьалха паччахьан ӏедало ламанхойн гӏаттам хьошучу шерашкахь.
Дикка йарташ а, кӏотарш а йац хӏинца хьалха хиллачохь. Цхьайерш йохийна, дийна йисинарш аренга, паччахьан эскарийн гӏаьпнашна улло, йаккхийчу тоьпийн биргӏанаш кӏел дӏакхалхийна. Уьш лаьттинчохь, ах лаьттах а ийна, ӏаьржачу кӏуьрзах дуьзна пенаш а, хедош, йагош йохийначу бошмашкара стоьмийн диттийн даьгна баххаш а дисина. Шира кешнаш ду, цхьаммо а терго ца йеш, дӏатийсина, чарташ охьадеттаделлий, ситтина раздевллий, гонаха кертан хӏоз а боцуш.
Адамийн догӏмаш тӏера чевнаш йирзича дуьсу моьнаш санна, моьнаш дуьсу Іаламна тӏехь а. Уьш го хьалха хьаннаш хьекхначохь керла, йуькъа тӏейевллачу варшашца а, йарташ лаьттинчохь акха кхиъначу бошмашца а, дӏатийсинчу некъашца а. Оцу моьнаша дӏа ког мел баьккхинчохь карладоху дӏадахана тӏеман буьрса шераш, дагах лазаман ов туху, бертаза кийрара узар доккху…
Амма мел хаза йу-кх хӏара бӏаьстенан буьйса! Исбаьхьа Іалам серладаьккхина, хьесап доцуш дукха седарчий лепа стигалахь. Ткъа хӏинцца шен бехачу новкъа баьлла бутт, дог лозуш санна, декъазчу лаьтте эсала хьоьжу. Беттан бӏаьрхиш дӏахьоькхуш санна хетара цунна лахахула шершачу кӏайчу мархаша. Бӏаьстенан мелачу мохехь дайн дегош леста гӏаш цхьана хӏуманна вас хилла техкаш санна хетара.
Ванах, хаьа-те царна бохам гергабуйла? Йуха а йагош, хьоькхуш, эрчайохур йу-те и сийна хьаннаш? Хьешна, хьекхна, дагийна къиза хӏаллакдийр ду-те зезагаша къарздина и ирзош, хьийкъина кхиъна цанаш, хӏетта хьалхарчу асарх йевллачу хьаьжкӏийн кхаш?
Хаац царна-м, амма, и хеттарш коьрте хьийзаш, ойланийн уьйриг хилла вогӏу тховса Тӏерга-Дукъа кӏел йуькъачу хьуьнна йукъарчу жимачу ирзо тӏе мел вогӏу бере.