Амма, шен халкъах а къаьстина, йалсамани а ца оьшура цунна.
Хах чекх а ваьлла, беттасино серладаьккхинчу доккхачу ирзе ваьлча, тамашийна сурт хӏоьттира Овхьадна хьалха.
Кхузахь ирзон йоккха майда дӏалаьцна говрашкахь лаьттара ах бӏе гергга дошло. Ирзона йуккъехь йитинчу майданахь – декъачу дечигийн баьрзнаш а, царна уллохь лаьттара масех кӏудал а, баттам[5] а. Тӏулгах бича санна, тапъаьлла тийна ӏара дошлой. И тийналла йукъ-кара йохайора говраша багахь ловзочу гаьллаша. Овхьадна ца къаьстара дошлойн йаххьаш, амма церан латтаре хьаьжча, цунна хаалора кхуза гулбеллачех дукхахберш кегийрхой хилар.
Хӏара шиъ шаьш витина, гонна йуккъерчу майдана ваьллачу Къайсара, кхечарех къаьстина лаьттачу пхеа дошлочуьнца доцца къамел а дина, схьаэцна, цхьа кӏудал дечигаш тӏе йассийра. Овхьад кхийтира оцу кӏудалш чохь дерг мехкадаьтта хиларх. Тӏаккха динара воьссинчу кхечо, баттамна буьххьера йаьккхинчу тӏелхиган горгамах цӏе а ӏоьттина, иза дечигаш кӏелхьарчу жӏолмашна йукъа йоьллира. Леттачу цӏаро серладаьккхира ирзо.
Къайсар тӏеваханчу пхеа стагах цхьаъ, сирачу динара ӏаьлбаг, бӏаьрг ма-кхийтти вевзира Овхьадна.
Ӏаьлбагна гонахарчу тобанах схьакъаьстина, гонна йуккъе ваьллачу хье тӏехь сет долуш ӏаьржачу динарчу воккхачу стага шед буйнахь куьг хьалалецира.
– Иза мила ву? – шабарца хаттар дира Овхьада Къайсаре.
– Бенара Солтмурд.
Шен хьаьрсачу можах, мекхех куьг а хьаькхна, йайн йовхарш туьйхира воккхачу стага.
– Вежарий!
Солтмурдан стомма аз буьрса дийкира йоккхачу хьуьна йуккъехь акха лаьттачу жимачу ирзо тӏехь.
– Вежарий! Тховса кхуза схьавеанчу вайх хӏораммо, цӏахь доьзал, да-нана а дитина аравалале, ойла йина ша схьалоцучу некъан. И ойла селхана-тахана ца йина вай. Оцу ойлано къежбинарш а бу вайна йукъахь. И ойла йиначул тӏаьхьа, тӏаьххьара сацам тӏеэцначул тӏаьхьа а дукха шераш девлла. И сацам вайга тӏеэцийтина къаьхьа бахьанаш, дийца ца оьшуш, дика девза вайна. Латта а дац вайн. Кху хьаннашкахь, лаьмнашкахь вайн цӏийца, хьацарца гулдина рицкъа а налогашна дӏадоккху вайгара. Мацалло бӏарздина, къоьлло чӏанадаьккхина халкъ. Адамашна йуьйцу ца хезна харцо латтайо