Кхеташонехь дакъалоцуш, иттех стаг воцург, бисинарш берриг а къона нах бара, ткъа шарера ткъе итт шаре кхаччалц хенаш йолуш. Баккхийчех ши-кхоъ тӏетайра Іаьлбага аьллачунна, амма къоначарна йукъахь резабацаран гӏугӏ делира.
– Пурба делахь, ас эр дара ши-кхо дош, – хьалхавелира Залмин Дада. – Кхузахь дукхахболчарна луург дахь, имамалла ӏаьлбаг-Хьаьже дала деза. Солтмурд а, ӏумма-Хьаьжа а, вайна ма-хаъара, къонахий бу. Амма и шиъ къанвелла. Царна хала хир ду вайн гӏуллакх тӏехь куьйгалла дан. Хӏара зама кхитайпа йу. ТІамехь дакъалоцур берш а дукхахберш кегийрхой бу. Цундела имам къоначех хила веза аьлла, хета тхуна.
– Бакълоь, Дада!
– Цул бегӏийла стаг вац вайна йукъахь!
Солтмурда куьг хьалалецира:
– Делахь-хӏета, ас шух хӏораннан цӏе йоккхур йу. Ша реза волчо – реза ву, воцчо – вац аьлла, жоп лур аш.
– Гӏубха?
– Реза ву.
– Гӏуркхо?
– Реза ву.
– Тозуркъа?
– Реза ву…
Шовзткъе ткъайесна стеган цӏе а йаьккхина, царах цхьа а дуьхьал ца карийча, байракхна тӏе а вахана, лаьттах йоьгӏначуьра схьайаьккхина, иза а карахь, ӏаьлбагна тӏевахара Солтамурд.
– Нохчмехкан а, Органан лакхенца а йолчу йарташа векал вина кхуза ваийтинчу кхузткъа стага шайн а, шаьш схьахьовсийнчу йартийн а цӏарах, цӏеначу даггара имамалла тӏедуьллу хьуна, Олдаман ӏаьлбаг-Хьаьжа. ХІокху нехан пурбанца, тховса шайн хӏусамашкахь вайга ладоьгӏучу къонахийн, зударийн, берийн цӏарах вай долийначу бакъонан гӏуллакхан, маршонан гӏуллакхан хӏара хаьлжаг[7] хьан кара ло ас…
Шега кховдийна байракх схьа а эцна, йаржа а йина, чалдам шиний буйна къевлира ӏаьлбага. ЦІеран серлонгахь эсалчу махо мелла тахкийра ши аьрша цӏечу кӏадинан байракх. ТІаккха тӏебаьхкинчу Гӏубхас а, Гӏуркхос а цхьамма цуьнан кара детица кхелина тур делира, шолгӏачо белшаш тӏе кӏайн верта тесира.
Ӏаьлбага, шен корта кӏеззиг аркъал саттийна, къегинчу горгачу баттой, седарчаший серлайаьккхинчу йекхначу стигала буьйгӏира шен гӏайгӏане бӏаьргаш. Леррина хьаьжначунна гур дара оцу минотехь цӏеххьана дакъаделла цуьнан балдаш а, гиччошкара пхенаш а халла хаалуш сихделла детталуш а, даим ал басахь хуьлучу цуьнан горгачу йуьхьо сих-сиха бос хуьйцуш а.