Къайсарна уллохь, шен дуткъа-зевнечу озаца цунна тӏаьхьара илли айдеш, шовкъе ваханчу ӏаьлбаге хьоьжучу Коьрина дагадеара нийсса шийтта шо хьалха, йуьртахошца ша кхелхина Турце воьдуш, Мичкан йистехь шаьш и илли алар. Хӏетахь ӏаьлбаган, Коьрин, Къайсаран дейтта шераш бен дацара. Шийтта шо хьалха цара дуйнаш биънера, шаьш даккхий хилча, шайн декъазчу халкъана маршо йаккха йа Іожалла тӏеэца. И де тӏекхаьчна. Хӏара де дара Коьра хийрачу махкахь сацийнарг, туркойн эскаре хӏоттийнарг, цигахь цуьнга къиза харцонаш, сийсазалла лайтинарг, даймахке сатуьйсуш, хан такхийтинарг а.
«Эрна хирий-те тхан сатийсам? – ойла йора цо. – Эрна хирий-те тхан ӏожалла?»
«Хӏан-хӏа, – жоп хезира цунна деган кӏоргера, – халкъан, маршонан дуьхьа тӏеэцна ӏожалла цкъа а хилац эрна. Эрна а, эхье а ду лай хилла вахар а, валар а. Шуьга цададелларг шун тӏаьхьено дӏахьур ма ду. Хьалхатаӏа, кӏентий!»
Доьзалхочунна моьтту, шега шен деган къайленаш ненах лачкъало. Ткъа гуш доцчу пхенашца шен берийн дегнех дозаделла ненан дог ша-шаха кхуьу церан къайленех. Бер мел генахь делахь а, шен берана хазахетар хилча, доккхадеш тохало, ткъа цуьнан кийра цхьана балано хьовзабахь, ненан даг чу лазаман ов хьаьвза. Нагахь дуьненахь шайхаш белахь, ненан дог шайх ду.
Декъаза дара нохчочун ненан дог. Берех самукъадаьлла тохадалар кӏезиг хуьлура цуьнан. Оцу заманахь – къаьсттина. Кӏант вича, цунна хаьара, иза шен воцийла. Цунна лаахь а, ца лаахь а, цунна мел везарх а, ваха лаарх а, цуьнан вацара иза, халкъан вара. Хӏетта кога ваьлла кӏант, гӏаш йуккъе сара а боьллина, маргӏал лестош, волавелча, нанна хаьара, цхьа пхийтта шо даьлча иза халкъан гӏуллакхан дуьхьа кех вер вуйла. Тӏаккха дуьйна дӏадолалора ненера ӏазап. Ӏуьйранна цунна тӏаьхьахьоьжура, Деле доӏанаш деш. Миччахьа а цхьанхьа говрийн, йа чехкка догӏучу стеган когийн тата хезча, йа лаамана лулахочо шега мохь тоьхча, дегӏе зуз хьодура: «Хӏинца-м вийна валош ву хьуна иза… Везан Дела, хӏара де тӏекхачале, суна Іожалла ца йели-кх ахь…», – бохуш. Иштта дӏаоьхура шераш, иттаннаш шераш, хӏор а денна нана йуьйш, денйеш, хеназа къежйеш. Оцу халачу,