Ашӏарерчу Абу Малика (Аллахӏ реза хуьлда цунна) дийцина, Аллахӏан элчано (Аллахӏера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:
«Цӏано - иманан ах ю. «Аллахӏана хастам бу» («Алхьамду лиллахӏ») (бохучу дешнаша, мийзан) терза дузу. «Сийлахь ву Аллахӏ, Аллахӏана хастам бу» («Субхьаналлахӏи валхьамду лиллахӏи») (бохучу дешнаша) стигланашна а, латтана а юккъера меттиг юзу. Ламаз - серло ю, сагӏа - тоьшалла ду, собар - нур ду, ткъа Къуръан - билгало ю я хьоьгахьа, я хьуна дуьхьал. Берриге нах ӏуьранна арабовлу (шайн гӏуллакхашка), шен са духкуш я и хьалхадоккхуш»»