Абу Хӏурайрас (Аллахӏ реза хуьлда цунна) аьлла, Аллахӏан элчано (Аллахӏера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:
«Хӏора дийнахь, малх схьакхетачу хенахь, адаман (дегӏа) тӏехь мел йолучу хуттургана (меженан) тӏера сагӏа дала дезаш ду. (Нагахь) ахьа шина (стагна) юккъехь нийсо яхь – иза а сагӏа (хуьлуш) ду. (Нагахь) ахьа стаг, шен тӏехуучу дийнатана тӏе а хаийна, дӏавигахь, я ахьа цуьнан мохь (дийнатана) тӏе боттахь – иза а сагӏа (хуьлуш) ду. Хаза дош - сагӏа (хуьлуш) ду. Ахьа ламазе воьдуш боккху хӏора ког - сагӏа (хуьлуш) ду. Ахьа нахана зене йолу хӏума новкъара дӏаяккхар - сагӏа (хуьлуш) ду.»
[(Бухари: 2707, Муслим: 1009)].