Хушани некъех волучу Абу Саӏлабат Журсум бин Нашира (Аллахӏ реза хуьлда цунна) аьлла, Аллахӏан элчано (Аллахӏера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:
«Боккъалаъ, Веза-Сийлахьчу Аллахӏа (нахана) тӏе динан хьаккъаш дехкина – цундела, (кӏадо а яй) кхочуш данза, тидамаза ма дуьтийла аша уьш. Цо дозанаш а хӏиттийна - цундела талха ма дойла аша уьш. Цо шуна (цхьадолу) хӏуманаш а дихкина (хьарам дина) – цундела доха ма дойла аша уьш. Иза вист ца хилла (цхьадолучу) хӏуманех лаьцна, шух къинхетам а бина, амма вицвелла ца ӏийна - цундела шу церан дуьхе кхиа а ма гӏерта.»