Делахь а, суна лакхахь хьахийначу кепара гулдиначу хьадисел дуккха а сов ладаме а, коьрта Имам Нававий 4 Шовзткъа хьадис а шовзткъа хьадис гулдан дезаш гира, и ерриге агӏонаш чу а лоцуш. Оцу хьадисех хӏора а Исламдинан боккха бух шена чулаьцна хила дезаш ду, ӏеламнаха «Исламан сема» ю, я «Исламан ах» ю, я «Исламан кхоалгӏа дакъа ду» и.дӏ.кх. аьлла дийцина хила дезаш а ду уьш.
Цул совнаха, аса оцу шовзткъа хьадисехь хӏорангахь а лардина - уьш бух болуш (сахьихь) хьадисаш хилийтар, царех дукхаха дерш Бухарин а, Муслиман а шина «Сахьихь» жайни тӏехь хила а деза. Уьш дагахь латто атта хилийта а, цаьргара пайда алссам балийта а, нагахь Аллахӏана и лаахь, деккъа цӏенна хьадисийн дешнаш далор ду аса, зӏенаш (иснадаш) юкъах а юьтуш. Эхарте безам болучу хӏора стагана а хаар оьшу оцу хьадисаша шайна чулаьцна болу ладаме кхетамаш а, цара гойтуш долу дерриге динан декхарш довзар а, хӏунда аьлча и дерриге а гуш хир ду церан ойла йиначунна. Ткъа со Сайн ДаллаАллахӏана тӏетевжа, со а, сайн болх а буьззина цӏена Аллахӏан кара ло аса!
Хастам бу Аллахӏана - ниӏматан а, беркатан а хьост а, гӏо латтош а, дола деш а волучу!