ӏабдул Муттӏалибан кӏентан ӏаббасан кӏанта Абу ӏаббас ӏабдуллахӏа (Аллахӏ реза хуьлда царна) дийцина, Аллахӏан элчано (Аллахӏера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дийцира, Беркатечу, Сийлахь-Везачу шен Дала элира аьлла:
«Боккъалаъ, Аллахӏа диканаш а, вонаш а дӏаяздина. Цул тӏаьхьа Цо царех кхетийна (довзийтина уьш). Нагахь цхьа диканиг дан сацам а бина, цуьнан и дар ца нислахь - Беркатечу, Сийлахь-Везачу Аллахӏа Шена гергахь дуьззина цхьа дика дӏаяздо и. Нагахь (стага, цхьа дика дан сацам а бина) и дахь, - Аллахӏа Шена гергахь (цунна тӏе) итт диканера ворхӏ бӏене а, кхин а сов диканаш дӏаяздо. Нагахь (стеган) цхьа вониг дан сацам хилахь, амма цо и ца дахь, - ВезаСийлахьчу Аллахӏа Шена гергахь (цунна тӏе) дуьззина цхьа дика гӏуллакх (дар) дӏаяздо. Нагахь (стага) цхьа вониг дан сацам а бина и дахь, - Аллахӏа цхьа вон дӏаяздо цунна.»