ӏумаран кӏанта ӏабдуллахӏа (Аллахӏ реза хуьлда цаьршинна) аьлла:
«(Цкъа) Аллахӏан элчано (Аллахӏера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), сан белшаш а лаьцна, элира: «Хӏокху дуьненахь хьо кхечу махкара хийра (стаг) я некъахо волуш санна хилалахь.» (Хӏара хьадис дийциначо аьлла), ӏумаран кӏанта ӏабдуллахӏа (Аллахӏ реза хуьлда цаьршинна) кесткестта олура аьлла: «Нагахь хьо сарралц вахахь - ӏуьйренга валаре ма хьежалахь, нагахь хьо ӏуьйренга валлалц вахахь - суьйренга валаре ма хьежалахь. Хьайн жималлера схьаэца ахьа - хьо цомгуш хилча хьайна оьшун дерг, ткъа хьайн дахарера - хьайн ӏожаллина (оьшун дерг)»