Оцу Башламана гобина раьгӏнаш санна жижигана го бинера дамин, ахьаран галнаша! Тӏера оьхуш гуш ӏа йацахь а, йовхалла кийра ловзабоккхура болуш лаьттара жимчу кедашна чохь тӏехула лацайелла хьоналлин стомма чкъор а долуш чомехь жижиган чорпа! Ткъа саьмарсекхан берам!
Истолан гонаха хевшира, хешана баьрччехь меттиг а кхочийтуш, ша элий санна и дишнийн къонахий!
Ткъа сарахь-суьйренца и воккха а, жима а вериг а лулахой, куьпахь бериш балхара цӏа бирзича, гулбелира Мовлин шуьйрачу уьйтӏахь. Хӏоьттира синкъераман го! Йуьртахь генна хезаш бекара аз хаза и кехатан пондар! Халхарчана дог ловзадоккхура оцу горгачу аз сихачу вотано!
Хьаша а воккхура хелха оцу дишнийн босхазчу маьхкаршца!
Буьйса йуккъал тӏехтиллалца хьешан самукъадоккхуш лаьттира синкъерам. Сов цӏа чохь кӏеддачу меттаваьккхина садоӏа витира и веза хьаша.
Малх делкъане гӏорта дагахь бара хьаша самаволуш. Мовлин хӏусамнана Хӏийжан йара масийттаза бохбина кхача кхин цкъа а сихо йина бохбеш. Эххара а дууш молуш дикка хан чьккхича хьаша дагавелира ша новкъа вала везаш хиларна.
— Мовла, Хӏийжан а йалош, кӏентий, несарий а болош вола со волчу хьошалгӏа хьонка тӏеболучу хенахь. Дера хаьа суна и ша "тӏанк!» аьлла хьонках йуьзина меттигаш вайн хьуьнхахь! – хӏорш хьошалгӏа кхойкхуш дозалла дира лакхарчу йуьртара хьешо.
Кечдина уьйтӏа даьккхира хьешо шен кӏайн накъост а. Ша дина синна велира хьаша шен вирана тӏе. Вирал а беха шен муьжги эткаш тӏехь когаш ластийра цо, вирана ша дан дезарг хоийтуш. Амма вирана дицделлачух тера дара ша дан дезарг, мухха делахь а, ца кхета кеп-м хӏиттайора цо. Кхин цкъа а гӏунна чохь ши ведар санна лестира вирана агӏонашкахь мужги эткаш. Амма вир-м гуттар а хьекъалах телхинчух тера дара, хӏунда аьлча, иза тӏехь ӏаш волчо шена йен хичаш тергал ца йеш, ша мерза буьйса йаьккхинчу метте а дагӏана шен йисина сийна буц йаан дуьйлира. Веза хьаша лаьтта воссан вийзира, вираца дикка къийсича, цхьа дика дукха генахь-м дацара и воссан деза латта. Хьаша лаьттаваьлча а дикка дуьхьало дера йира виро-м, делахь а, дуьрстана гелаш шена багайоьхкича, ницкъа цхьатерра ца хилар кхетийра мискано.