Стерчашца о́хана деш, хоршахь боьжна лелочуьра сайн э́ла накхар-моза паргӏат а баьккхина, иза а балош цӏа а веана, нахе хаьттира аса:
— Xӏoкxy накхар-мозийн э́лан йаийна ворта муха та́лур йара-те́хьа? — аьлла. Хье́къал долчу на́ха су́на жоп делира:
— Бӏа́ран тӏамарех хьакхар а тохий, иза дика хьен а хьей, кечде ахьа, цул тӏаьхьа лазийначу вортан тӏе дилла-уггаре а дика дарба ду хьу́на и.
Tӏe хьакхар а тоьхна, ле́рина хьийна бӏарийн тӏамарш а кечйина, уьш накхар-мозийн э́лан йаийначу вортан тӏе йехкира аса. Иза а дина, буьйсанна ва́хана дӏавижира со. ӏуйранна, хӏун хьал ду-те́хьа сан дархочуьнгахь, аьлла, вахана хьаьжча, су́на гира цхьа инзаре та́машийна хӏума: накхар-мозийн э́лан вортан тӏе даьлла лаьтташ доккха бӏа́ран дитт дара, тӏехь бӏа́раш а долуш.
Цхьажимма бӏа́раш эго дагахь, дитта тӏе гӏорза кхоьссира аса, иза, хьаьлакхоьссинчохь, дитта тӏехь йисира, охьа а ца йо́гӏуш. Лаьттан гӏорзанах дийнна цхьа лаьттан apе-куп хилира, кхаа дийнахь бен аьхна а ца во́луш.
Йалх сту а боьжна, кхаа дийнахь о́хана дира аса цу а́рахь. Тӏаккха цу тӏе хорбазаш а, пастанаш а йийра. Уьш кхиъна, хилла йоьвлча, вахана, хӏун хьал ду-те́хьа цаьргахь, аьлла, хьаьжира со. Сайн кха тӏехь дика хьийкъина хорбазаш а, ӏала́мат йоккха цхьа паста а карийра су́на.
Хӏуъу а дича а, паста цӏа а ца йайелла, тур детташ йуккъехула ши ах йира аса пастанах.
Пастанан ши ах дӏайеллалушшехь, пархъаьлла цу чуьра а́ралилхира цхьа пхьа́гал а, цунна тӏаьххье дуккха а таллархой а. Тӏаккха дӏа чу кхоссавйеллачу ас пхьа́гална диг туьйхира.
Кхерайеллачу пхьа́гало цхьа кехат тесира. Чехкка и кехат схьа а эцна, цу тӏе хьаьжначу су́на йо́за гира: «Хьаьжкӏийн гирда мискачу стагана бо́гӏу», аьлла.
Иштта чекхдаьккхина мискачу стага шен «цахилларг». Хьо́лада́ къе́ра хилла ша́ эшорна.
Мискачу стага ши гирда хьаьжкӏаш йаьхна.