Кораш дан а дара даккхий, шалха раманаш а йолуш. Шуьйра йаккхий чоьнаш а йара цу цӏийнан. Тхов а бара лекха.
«Дика даккхий дина-м хилла хӏорш, – элира ас, – оьрсаша жима ма дора цӏа», – аьлла.
«Кӏезга хӏума-м дезаш, хьаха, вацара иза, – элира йоккхачу стага, – шу мел дукхадезара цунна! Кест-кеста воьлхур вара хьуна, къам цӏера даккхар доккха хӏума ма ду, Марина, дийна къам цӏера даккхар, бохуш, къа а доьхуш. Махьмуд цӏе йолуш цхьа доттагӏ а вара цуьнан, нохчо. Ма дукхавезара Николайна иза! Ша валлалц багара охьа-м ца виллира. Хӏора ӏуьйранна бохург санна олура, гӏенах Махьмуд ма гин суна, Марина, сийсара, олий, бер санна, вела а лой».
Йоккха стаг дӏасоцура, ойланашка йахча санна. Со а ӏара ӏадда, чухула дӏаса а хьоьжуш. Суна и чоьнаш йевзара, хӏора хьостам а тӏехь, аннаш мичхьара деъна ду а хаьара, муьлхачу хьуьнхара йу торпалш. Суна чӏогӏа теша лаьара йоккхачу стага дуьйцучух, цуьнан къамелех, ойланех.
Со ца тешара.
Цкъацкъа-м иштта хуьлийла а лаьара, цо ма дийццара. И иштта ца хиллера. Тӏаккха ала дог хуьлура, иза кхечу тайпа дара, хьо дукхайахарг, бакъдерг ас дуьйцур ду хьуна аьлла.
Ца алалора.
«Хӏара цӏа хӏунда деза хьуна къаьсттина, кхин а ма ду цӏенош, хӏара доцург а?» – цӏеххьана хаьттира цо соьга цхьана сарахь (мах буьйцу дикка хан йаьлча), шеко кхоллайелча санна.
Ас меттиг хастийра, гӏалина йуккъехь а йу, латта а ду шортта, дика цӏа а ду аьлла.
Тӏаккха иза йелайелира: «Иза а бакъду хьан, дика меттиг йу хӏара. Делахь а цу мехах-м лур дац ас, хьуна хала а ма хета», – олуш, бӏаьра а хьаьжна. Ас гӏийлла велааьшна дира, куьйгаш дӏаса а тосуш, «хӏун дер цунна» бохуш санна.
Гӏалахь доьшуш даьккхинчу пхеа шарахь хийла цу цӏийна уллохула дӏасаихнера со. Кертана тоьхначу аннашна йуккъехула чухьожура, уьйтӏе ган дагахь. Суна ши бӏар гора хӏетахь а, кхоъ хила дезаш санна а хеташ. «Цкъа-м схьаоьцур ду хьуна ас хьо», – ойла хуьлура хӏоразза а. Эххар а стохка гира: «Цӏа духкуш ду, муьлххачу а хенахь хатта», – аьлла, кевна тӏе йаздина. Тӏаккха со дуьххьара чоьхьавелира кевнах, аьтту ког хьалха а боккхуш. Со тӏулг санна латта висира, меттах а ца валалуш. Суна дагадеара дерриг а.