Тхо массо а догдоьхна дисира. Мелла а хан йе́лира тхо дош ца о́луш ӏаш. Цӏаьххьана «Чӏиркъ! Чиркъ!», «чӏи-чӏи! чӏи-чӏи! чӏиркъ!» — о́луш, кхинарш делах а, тхо дӏатерна ре́за хилла духадеъна хьалхале́ра шиъ делахь а, чӏе́гӏардигаш йухадаьхкира.
Хӏинца-м тхо массо а лергаш таӏӏийна тийна ӏаш дара. Хиллачух ца кхе́таш, мотт ӏа́манза волу, Ризван-м вара ше́н жима пӏелг хьежош, чӏе́гӏардигаш гойтуш, тху́на уьш ца го моьттуш. Чӏе́гӏардигаш а кхеттачух тера дара Ризван хӏинца а бе́ра дуй. Цо хьежон пӏелг «у-у! у-у!» — бо́хуш и а́лан гӏертарг-м чӏе́гӏардигаша боккъал тӏе а ца оьцура. Уьш-м хӏинца кхе́тара шаьш хье́ший дина о́ха тӏеэцний.
Рагӏу́н кӏелара биъса болу дукъо, тӏехь лила тоьхна кира хьаькхина дара. Оцу дукъна йуккъехь ло́цуш, тхевна бухахь шайн бен бан меттиг хаьржира чӏе́гӏардигаша кестта. Кхин хьем ца беш и, къахьегарна тӏера долу, ши чӏе́гӏардиг дуьӏлира шайна бен бан. Уьш-м чӏо́гӏа говза гӏишлойархой хилле́ра. Цӏено деш адмаша буьллу бух санна, чӏе́гӏардигаша а ра́гӏуна дукъан а́гӏонца ах горга, шайн кегийрачу зӏокаршца кхоьхьуш поппар буттуш лард йиллира. Малх чубуззалца са ца доӏуш, поппарца чамхалгаш а дуцуш, эдеш шайн бен беш къахьийгира чӏе́гӏардигаша. Кегийра Рамзанний, Ражапий рагӏу́н кхелахь сонехь дӏатарлой кӏадцалуш хьоьжура оцу чӏе́гӏардигаша бечу балхе. Жима Ризван вара ца кхе́таш — о́ха и хаза хьо́занаш схьалаьцна, тайнигаш санна ловза хӏунда ца до. Цо-м «у-у! у-у!» — о́лий кест-кестта ше́н жима пӏелг хьажабора «шу хӏун деш ӏа?» а́ла гӏерташ санна.
Хӏо́ра дийнахь, со ишко́лера цӏа во́гӏуш Рамзанас, Ражапас су́на дуьхьала хьовдий кхаъ боккхура: «Хьажахь, Да́да, вайн чӏе́гӏардигаша хӏинцале а ах бен бина!» – хазахеташ цецва́ларца о́лура Рамзанас. Дикка ше́ра мотт ӏа́маза волчу Ражапас а тӏетадора: «Чӏердаша бен бо!» — о́луш.
Масех дийнахь къахьийгира чӏе́гӏардигаша. Бен-м кестта кийча хилан безара. Йуьхьанца буьйсана а ши чӏе́гӏардиг, тхевна дукъан а́гӏонца тасалой, шаьш бан болийна бен ларбеш ӏа́ра.
Кестта ша́болу бен а кийча бара, чегӏардигаш а дара, чохь кӀе́да хилийта цунна чуйахкан