Де дийне да́ларх, кехат ца кхо́чуш,
Шо шере да́ларах, хаам а бо́цуш,
Кхо́чур йац хан-за́ма, тешна со во́цуш,
Кхо́чуриг хиларх и, шекео а йо́цуш…
Леланца ца йаьлла, нийса кхел лелахь,
Кхе́чуьнца йаха хьо, кхоьллина йелахь,
Вицвина кхе́чуьнга, йа́хар а нислахь,
Ахь кехат йазделахь, хаамца хӏетахь…
Леланца ца йаьлла, нийса кхел лелла,
Лууриг дечуьнна, лаам ца хилла,
Ху де́р вай йезнариг, кхоллам ца хилла,
Стигла со хьожур ву, и дешнаш аьлла…