Амма цул тӏаьхьа, шишша ца нисбеллехь а, цхьацца сту нисбеллера дукханна а. Тӏом сецначул тӏаьхьа маршо йелира аренца йолчу оьрсийн йарташка эха. Оьрсашца тасаделлачу хьошалло дуккха а пайда белира нахана. Хӏетталц царна хӏун йу ца хиъна аьчган нох а, мекха а деара йуьрта. Бакъду, уьш ӏосин а, Хортӏин а бен дацара хӏинца цкъа. Амма церан мекханаш гиначу цхьаболчу наха, иштта аьчган цергаш а йетташ, дечиган мекханаш кечдира шайна.
Шайн стерчий долчу йуьртахойх цхьаъ бен вацара ӏелин тӏеваха бӏобулуш. Иза вара лахо чохь вехаш волу Акхболатан Ахьмад. И шиъ йа ши доттагӏ а, йа вовшашна йуккъехь, хӏара ала, гергарло долуш а вацара. Амма цаьршимма вовшийн чӏогӏа гӏо лоцура. Ахьмадан ӏелега безам бахийтинарг цуьнан догдикалла, харцо йоцуш хилар а дара, ткъа ӏелас Ахьмад лерара, иза майра а, хьуьнаре тӏемало а, комаьрша стаг а хиларна. Цул сов, иттех шо хьалха цкъа хошкалдахойн арахь хиллачу цхьана тӏамехь Ахьмада, иза гуш лаьтташехь тӏехӏоьттинчу ӏожаллех кӏелхьара а воккхуш, шен аьтту куьг чолакх динера. Амма аьрру куьйга а болх балуш волчу Ахьмада башха даз ца дира шен чолакхвисар.
Ӏуьйранна хьалххе гӏеттина ӏела, ша ирзу тӏе вахале, Ахьмадах кхета дагахь, охьачувоьссира. Амма балхана тӏера зоьртала Ахьмад цӏахь ца карийра. Зудчо, иза сатоссуш гӏеттина, регӏа вахана, элира.
Цигара йухавирзина вогӏучу ӏелина урамехь дуьхьалкхийтира тӏехула ховшийна бераш а, тӏаьхьатесна йетт а болуш сал-палах йоьттина йогӏу стерчийн ворда. Стерчий геннара девзира цунна. И шиъ Жаьнтамаран ши сту бара. Жаьнтамар а, цуьнан ши кӏант а тӏаьхьа вара, шаьш новкъадохучийн ӏодика йеш соьцуш.
– Шуна хӏун дагадеана, Жаьнтамар? – хаьттира ӏелас воккхачу стаге, шаьш тӏеттӏакхаьчча, салам а делла.
– Тхо-м йуьртах довла ма дохку, ӏела, – гӏийла жоп делира Жаьнтамара.
– Гена?
– Генна доьлху. Шина Терка йуккъе.
– Ой, шу доьлху бохуш, хьехош а ма дацара? – цецвелира ӏела.
– Оха хӏара хьехо-м дукха хан йара, амма барт хӏинцца бен ца тайн тхан.
Ӏелин чам байра. Вуьшта а кӏезиг бара йуьртахь бисина нах. Белларш-м денлур бацара, ткъа хӏара дийна бисинарш мукъа а йуьртахь биса лаьара цунна.