Шайн ардаш тӏехь белхаш бечу нахаца тӏекереш а йеш, воьдура иза. Массо а вара йокъанах кхоьруш. Аьхчахьана тӏе догӏанан тӏадам божаза кхаш, кхарза а делла, чан а йаьлла лаьттара. Дечган нахарца охуш дийначу йалтина кӏеззиг йокъа а кхераме йара. Гомха аьхначу лаьттах боьллина буьртиг талхо кӏеззиг йокъа а тоьура.
Амма иза йуххешха тӏехваьлла Хортӏин кха кхечарех къаьстара. Аьчган нахарца кӏоргга бӏал боккхуш, тӏехула аьчган мекха хьийзош шардина иза, кӏалд санна, гора. Хьаьжкӏаш йийначу цунна уллохула дӏа кхин цхьа урд дара цуьнан тӏедаьллачу кӏено сендина лаьтташ. Кхечахьа цхьанхьа-м бийна мукх а бара Хортӏин. Цул сов, йуьртарчу пхеа-йалхамма вовшахтоьхна, аьхкенна лам тӏе дигна даьхний а дара.
И бахам тӏеман заманахь ӏаӏийнера Хортӏас. Йуьхьанца цхьа кег-мерса хӏуманаш йухкуш баккхал лело волавеллачу цунах иттех шо далале, шен долахь туька а йолуш, цӏейаххана совдегар хилира. Цунна дуьхьало йацара паччахьан ӏедалера. Бакъду, Шемала чӏогӏа дихкинера, эчиг оьцуш бен оьрсашца махлелор, амма Хортӏа даим а ахчанца кӏелхьарволура. Хӏинца Шемал а вацара цунна новкъарло йан. Соьлжа-Гӏалахь а, Гӏизларехь а Хортӏин сий дара. Цига воьдий, дорах товар а дохьий, кхузахь нахера иттазза сов мах а боккхуш, дӏадухкура цо, ткъа тӏедиллина духкуш хилча, мах кхин а сов боккхура.
Геннара гира ӏелина Васалан кхан йуьхьиг. И охуш, йалх сту а боьжна, хӏинцале ткъех го баьхьна, ши стаг воллура.
«Мила ву-те оцу мисканех сайчул дог лезна араваьлларг? – бохура шега хазахеттачу ӏелас. – Дала дог дика де шун делаӏ, ма доккха гӏуллакх ду-кх аш дийриг!» Амма дерриг кха гучудаьлча, цунна гира вукху йуьххьехь говрахь лаьтта ӏоса.
Ӏела кхийтира дерригенах а.
Сиха вахана ӏела уггар хьалха ахархошна тӏехӏоьттира. Охуш волу шиъ цхьанхьара-м йолах веана ши къехо вара.
– Нехан кха хӏунда оху аш? – хаьттира ӏелас ша тӏекхачарца, дуьхьалваьлла стерчий а совцийна.
Ши стаг ӏоса волчухьа дӏахьаьжира.
– Делхьа, хаац тхуна-м, къонах, хӏара хьенан ду а, ӏосас хӏиттийна-кх тхо кху тӏе.
– Кха тӏера гота дӏайаккхал чехка. Хӏара шуьша санначу цхьана мисканан ду.
Ахархой боьхна хьаьвзира.