– Ас хаза боху хьоьга, дада, дӏавала кхузара. Ма хӏиттаде вай йуьхьӏаьржа. Хьо бахьана долуш, нахана йуккъехь дош ала, церан йуьхь-дуьхьал хьовса йиш йоцуш, хеназа къанделла тхо. Хӏинца мукъана тоийта. Хьох тхо къаьстина дукха хан йу, нахах мукъана ма даха тхо. Цхьа ваша вейти ахь тхан, важа, Сибрех хьажийна, тӏепаза вайна. Тхо висина кхоъ уьш дицделла ӏаш вац хьуна. Ма эгаде тхо къила. Хьо-м цхьа ког кошахь лелий. Ма байъа вуьшта а хьайга кӏезиг болу нехан безам вай массарех. Цӏа гӏо, и гота дӏа а йаккхий, ас доьху хьоьга…
Амма ӏосина ца хезира кӏанта доху бехкаш, туьйсу кхерамаш, ден дехарш. Доьхкарх йоллу тапча схьа а йаьккхина, зӏок йуха а оьзна, буьххьерчу мокхазарей, лергарчу молханей хьаьжна, сутара ши бӏаьрг кӏантана тӏебуьйгӏира цо.
– Дӏадовла готанна гонахара, – элира ӏосас мохь тоьхнна. – Со кхеро стаг хӏинццалц схьа нанас дена ца винийла хаьа шуна. Оцу готанна аьттехьа ваханарг ас тоьхна вожор ву.
Ӏосин важа ши кӏант гучу ца волу-те аьлла дӏахьажавеллачу ӏелина гира, гоьлех йеттало йоккха шаьлта шен чолакх куьйга сеца а йеш, каралаьцна жӏоммагӏа а долуш, охана тӏехула схьахьаьдда вогӏу Васал. Махо ловзайора цуьнан эттӏачу чоин бехчалгаш, йуьхьа тӏехь къегара хьацар. Моханечу цо цхьа доьхнарг дарна кхеравелла, ӏела цунна дуьхьалвелира.
– Собаре хилалахь, Васал. Машаре дерзор ду вай хӏара.
Амма девне вала ойла Васалан шен а ца хиллера. Ведда веанчу шен хаьдда са дирзича, чоин пхьуьйшашца йуьхьа тӏера хьацар дӏа а хьаькхна, логе хӏуьттучу шаддех къурдаш деш, ӏосина тӏевирзира иза.
– ӏоса, хьо хӏун дан воллу? Сан доьзал мацалла хӏаллакбан гӏерта хьо? Хӏара урд ахь дӏадаьккхича, ас йалх берана хӏун дан деза?
– Бераш кхаба хьайн ницкъ бацахь, зудчунна йуххе ма гӏерта. Ас кхабарга догдохуш йойту ахь и херсеш?
Ӏела цецволуш собаре хиллачу Васална хӏинца моха йеара.
– Хьоь хьайниш санна, массаьрга а дайъалац шайн бераш!
– Сацайе хьайн муцӏара, пис! – мохь белира ӏосин.
– Пис, Къуръанор, йу хьо, йамарт жӏаьла! Делах а, нехан неӏалтах а ца кхоьру эхь дайна гӏизби! Дӏайаккха кхузара хьайн гота!