дохко ца ваьлла цигахь ӏай, аьхкий цхьацца бутт баккхарх.
Нохчийн божабераш физически кхиорах лаьцна оьрсийн эпсарша дуьйцуш дукха хезнера Берсина. Тӏом чекхбаьллачул тӏаьхьа цхьана-шина шарахь тесна йитина и шатайпа школаш дӏадаханчу шарахь дуьйна йуха а болх бан йолайеллера. Ламанца йолчу йарташкара итт шарера йалхитта шаре кхаччалц долу бераш, рогӏехь аьхка а, ӏай а цхьацца баттана лаьмнашка а дуьгуш, тӏеман гӏуллакхна ӏамор тайпанийн тӏеман тхьамданашна тӏедиллинера хинболчу гӏаттаман куьйгалхоша. Церан болх муха дӏабоьду хьожуш, цкъа Берса ша а хиллера ломахь. Цо самукъадолуш ладоьгӏура Болата дуьйцучунга.
– Кхин хӏун ӏемина хьуна?
– Охӏ, дуккха а! Талла, нийса топ тоха, тур-шаьлтанца, говраца хьуьнарш гайта, кӏоргачу лай тӏехула, чу а ца воьдуш, лела. Бердана, тӏулган а, шан а тархашний, дитташний тӏевийла. Хьо ӏамийний иштта? – хаьттира Болата цӏеххьана.
– Хӏан-хӏа, Болат, – гӏайгӏане жоп делира Берсас. – Со кхечу кепара ӏамийнера тӏамна.
– Хӏай-хӏай! Хьан леларехь а хиира суна, хьуна хӏумма а ца хаьийла!
– Амма мел дика хир дара хаьий хьуна, Болат, шу массо а ас дешначу школашкахь ӏемина хилча?
– Стенна оьшу и? Ас-м доьшур дацара цигахь, со вийчи а!
– Хӏунда?
– Хӏунда! Цигахь мел дешнарг мунепакъ хуьлий вогӏу цӏа, тӏаккха, керстанийн лай а хуьлий, вайнах байъа хӏутту.
Берсас доккха садаьккхира.
– Вай дерриг дешна, кхетам болуш делхьара, хир бацара тӏемаш. Массарех эпсарш хила аьлла-х даций. Дешар-м кхитайпа а дай.
Амма Болатна хаза а ца хезара
Берсас дуьйцург.
– Аьрзус цхьаннахьа а ца дешна, ткъа муьлххачу а инарлел майра а, хьекъале а ву ша. Вуй, ваши?
– Майра а, хьекъале а ву, амма цуьнгахь ӏилма дац.
– Ма дийцалахь! – куьг ластийра Болата. – Дера, ву Аьрзу майра тӏемало. Дадас цуьнан хьуьнарш дуьйцу суна. Аьрзус а ӏамийна суна дуккха а хӏуманаш. Суна тахана хӏара тапча а йелла цо!
Хечин борчах схьа а йаьккхина, Берсе тапча кховдийра Болата. Цунна томана, схьаэцна, леррина хьажа а хьаьжна, йухайерзийра цо иза:
– Дика герз ду хӏара-м, лело къонах велахь.
– Маккхал а вац вон тӏемало, амма герзал дика мотт лебо цо.