Вайна йукъа питанаш туьйсуш, вай ӏехош, тӏум санна, даа.
Генадоццуш хьуьн чохь диг детта долийра. Дукха хан йалале кхагаран, кӏуьран хьожа йеара цигара схьа. Хьун хьоькхуш, йагош, ирзош дохуш бара нах.
– Дависарг, дуьненан ӏилма хууш нах белара вайн, – элира Маккхала сатийсаме. – Хӏун ӏамадо хьуьжаршкахь? Къуръанаш, жайнаш. Кхолламна сатохар, собаре хилар. Оцунна-м реза ду вай, Дала мукъалахь. Дала лардойла вай Шех а, динах а цатешарх. Амма вайна дуьненан ӏилма а ма оьшу. Цуьнца ду вайн халкъан хиндерг. Амма вайнахана и хаац. Хӏоранна а ша эла хета. Тӏелхигваьлла, къоьлла къикъвоьлла велахь а.
Берса охьахиира.
– Лаьмнашкахь вехаш хилла, боху, дика къонах а, хьекъале а ву бохуш, генна махкал арахьа а цӏейахана цхьа стаг. Иза лоьрура сирбеллачу къеначара а. Цунах дагабийла богӏура Хӏирийчуьра, Гӏебартара, Чергазойн махкара. Иза вуьйцу хезна, ган веана гена махкара цхьа эла. Цуьнан куьце, ницкъе, хьоле а, бахаме а хьажа. Веана кхаьчна иза воккхачу стеган йуьрта. Дӏаса бӏаьрг тоьхна. Цхьаннахьа а гуш, гӏала-м хьовха, хӏара ду аьлла цӏа а ца хилла. Хаьттина эло, хӏокху эвлара мукъане а вуй и цӏарна а цӏейахана хьенех. Цунна цхьа лаппагӏа гайтина, кхечарах къастам боцуш. Хӏара кетӏахь сецча, тӏевеана дукхе-дукха безамехь воккха стаг а, куьце виъ кӏант а. Иэца ма-веззара тӏеэцна хьаша. Хӏусамна чувахча, кхин а цецваьлла иза. Гобаьккхина къоьлла. Хьаша кхача биъна ваьлча, гӏуллакх хаьттина хӏусамдас. «Делхьа, воккха стаг, Нохчийчохь вехаш цхьа хьекъале, оьзда къонах ву бохуш, хезнера суна тхайн махкахь, – долийна эло. – Иза ган, цуьнан хабаре ладогӏа, цуьнан бахаме, хьоле хьажа араваьлла со, хоьт-хоьттуш, хӏокху йуьрта, хӏокху хӏусаме кхечи. Ас лоьху стаг наха, хьо ву, боху. Къечу стагана хала ду къонах хила. Махкахь а, махкал арахьа а вевзаш стаг муха хилла хьох?»