Хӏинца вешан берриг ницкъ хьалха оьрсашний, вайний йуккъехь хилла тешам, ларам а йуха меттахӏотторна тӏехьажо беза.
– Тамаша бу, Берса, ахь Кунта-Хьаьжица тоба ца динехь! Хьан ойла паччахьан ӏедалехьа дӏа ца хьаьвзинехь!
– Хӏан-хӏа. Оьрсашца машар бар, гергарло чӏагӏдар а данне дац маршонехьа къийсам сацабе бохург. Оьрсийн халкъ а дац аттачу хьолехь. Цо а къуьйсу шен маршонехьа. Оцу къийсамехь цхьаьна хила деза вай. И ду со ала гӏертарг.
Хан дӏайоьдура. Попан дахделлачу ӏиндагӏе а хьаьжна, доттагӏий сихбира Берсас.
– Гӏуллакхах дийций вай? – элира цо. – Хӏета, динадай йукъабалабе боху-кх ахь, Аьрзу?
– Оцу цхьаболчара шайн тешамах-м, дера, даьхнера вай. Амма кхин ницкъ ца хаьа-кх суна адам вовшахтоха. Вай Делах тешаш нах ду, Дала мукъалахь.
– Хӏета, йуха а гӏазотан байракх айъа, боху аш? – ӏоттар йира Берсас. – И динчу Шемалах хилларг йа цунах тешначу вайх хилларг а дицделла хьуна?
– Кхиамаш боцуш вацара иза. Цуьнан ӏедалан къизалло галдаьккхира дерриг а.
– Цхьа къизалла хилла ца ӏа бехке, – реза ца хилира Маккхал. – Коьрта бахьана кхечанхьа доллу. Цо а, цуьнан динадайша а кхайкхийна гӏазот. Цара и хьехамаш ца бинехь, гуьржий, хӏирий, хӏокху агӏорхьара оьрсий а хир бара вайца. Амма оцу гӏазото цхьалха дити-кх. Цкъа, берриг динадай цхьаьнакхеттачохь, ас элира, шун хьехамаша дакъаздаьккхина халкъ, керстанашца машар хила а, барт хила а ца дуьту аш. Хӏетахь мунепакъ-молла аьлла цӏе тиллира суна.
– Дӏадовлийша, Делан дуьхьа, – оьгӏазвахара Аьрзу. – Ас-м ца кхойкху шу гӏазоте. Вайн гӏуллакхна молланаш оьшу. Халкъан маршонан дуьхьа бала реза а болуш.
– Мичахь бу ишттаниш? Айхьа карабе…
– Ас мичара карабо? Маккхале лахийта. Цунна дика бевза уьш.
– Делахь, Маккхал, хьайна накъостий лахар хьуна тӏехь дуьсу. Тахана-м хьо цхьаъ ву вайца. Кхин бархӏ хьуна мичахь карор ву, Цхьа Дела воцчунна хаац. Арен тӏерачу йарташкара динадайх догдилла. Уьш дукхахберш кхерабелла. Шелахь цӏий ӏанош шена гӏодинчарна чинаш, совгӏаташ делла ӏедало. Ӏедало шайн гӏуллакхех бохийначех а ма теша. Уьш а, шаьш лелийначунна дохко а бевлла, хӏинцале инарлина Тумановна суждане оьхуш бу.
Дехьо йежа говраш ларйеш лаьтта Болат тӏекхайкхира Берсас.