– Хӏан-хӏа, шайчарна ца йетта. Иза кхечара до. Вовшийн ца бевзачу, гена дӏабуьгу. Росси йоккха ма йу. Дикачу динахь некъ бича а, шарахь цхьана маьӏӏера вукху маьӏӏе а ца кхачалуш. Цхьанхьарниш кхечарна дуьхьалбохуш, вовшийн хьоьшуьйту. Ӏедалан коьртехь дерш мел къиза, хӏиллане, стешха адамаш ду. Адамашна, халкъашна йуккъе дӏовш туьйсу цара. Цхьа нохчий хилла ма ца ӏа ӏазапехь, шайн маршонехьа къуьйсуш. Россехь маситта къам ду. Вай санна, ӏазапехь. Вай санна, маршонехьа къуьйсуш. Амма паччахьаша, хьоладайша уьш буйнахь латтадо. Муха, боху ахь? Царна йукъа дӏовш туьйсуш, цабезам, цатешам буллуш. Церан вовшашца барт ца хуьлуьйтуш. Уьш цхьацца хьоьшуш. Халкъаш цхьаьнакхетча, церан цхьабарт хилча, паччахьаш, хьоладай отур ма бу. Амма мацца а цкъа и барт хир бу халкъийн. Тӏаккха цара лоьхкур бу шайна тӏехь ӏазапдаллорхой. Ткъа эпсарш а бац цхьатера. Уьш дуккха а бу паччахьан. Цхьаболчарна ца лаьара вайна дуьхьал лета. Масала, инарлина Раевскийна.
– Иштта инарла вуьйцу ца хезна суна, – элира Болата, ойла а йина. – Ярмол, Баклан, Сипсо, Рангел, Микало – уьш буьйцу хезна. Ахь цӏейаьккхинарг ца вевза.
– Раевский хьалдолуш стаг вара, Болат. Цкъа цхьакӏеззиг эпсарийн барт хиллера паччахь дӏаваккха. Царна йуккъехь и Раевский а вара.
– Ваьккхирий?
– Хӏан-хӏа. Тхьамданаш ирхъоьхкира. Бисинарш Сибрех а, Кавказе а хьовсийра. Вайн махка кхечира Раевский а. Кхуза кхаьчначарна гира вай муха лета а, стенан дуьхьа лета а. Царна къахетара ламанхойх. Хӏетте а, тӏом бира. Нуьцкъаха лоьтуьйтура. Ткъа инарло Раевскийс дуьхьало йира вайца тӏом бан. Паччахье кехат йаздира, хӏокху ламанхоша бийриг бакъонца тӏом бу, шайн даймохк, маршо, шайн доьзалш ларбеш. Кхузахь вай харцо лелайо, шена лаац хӏокху харцонийн, къизаллийн декъашхо хила аьлла.
– Оххӏай, ма дика инарла хилла-кх иза! Тӏаккха, цӏа вахара иза?
– Хӏаъ. Ламанхошца тӏом бан ца беза, царна школаш йахка йеза, уьш мах лело, бахамаш кхио, шайн махкарчу хьолах пайдаэца ӏамо беза, цаьрца хаза дийца деза, бохура цо.
– Паччахьо ла ца дуьйгӏира цуьнга?