Амма цара хӏитто барт ца безабеллачу паччахьан правительствос цаьрга сацамболлуш дӏахьедира, цхьа а тайпа бакъо ца хьехош, кӏелсовцар йа лаьмнашкара ара, гӏалгӏазкхашна йукъа, охьабовлар.
Кубански ламанхой де дийне мел дели дика кхетара тӏетеӏа паччахьан эскарш шайга совцалург цахиларх. Цаьргарчу хьолах кхеттачу Евдокимовс Россина муьтӏахь хила цалуучарна Турце кхалха некъ битира. Иза мич-мичхьахула бацара. Шаьш лаьттахула бахийтича, ламанхой гӏур бацара. Цундела цо, уьш арахьарчу дуьненах хадорхьама, и некъ хӏорда тӏехула битира. Тӏаккха ламанхошна хьалха хӏоттийра: йа, цхьа а тайпа хабар доцуш, Россина муьтӏахь хилий, шаьш доллучохь совца, йа охьакхалха. Ткъа цушинна резавоцург Турце дӏагӏо аьлла.
Ламанхой холчахӏиттинчу оцу муьрах пайдаэца гӏерташ, цаьрга Турцех дӏакхойкхуш прокламацеш йаржош, Кубански ламанхошна йукъабаьржира туркойн эмиссараш. Уьш дукхахберш паччахьан правительствос эцна балийна агенташ бара. Мацах цкъа украинцашний, гуьржашний хьалха санна, кхоъ некъ хӏоьттира Кавказан ламанхошна хьалха: йа нийсабоцчу къийсамехь физически хӏаллакьхилар, йа шайн динехь йоцчу Россина кӏелсовцар, йа шайн динерчу Турцех дӏакхетар, аьлча а, цига дӏакхалхар. Генна хьалха дӏа а хьаьвсина, Россин тӏехиндерг ган а, цуьнца шайн тӏаьхьенан хинйолу таронаш хаа а хьекъалан кӏорге йоцу ламанхой оцу эладитанех ӏехабелира.
Уггар хьалха дӏакхалха буьйлабелира таронаш йолу нах. Даим а, ойла ца йеш, бӏаьрзе царна тӏаьхьахӏуьттуш лела къехой хӏинца а изза дан сихбелира. Бакъду, массо агӏор къиза тӏетеӏачу паччахьан эскарша хӏинца ойла йан а ца кхиийтира уьш. Вуьшта а тӏамо чӏанабаьхна уьш, деккъа цхьа даьхний доцург, важа берриг шайн миска бахамаш дӏа а туьйсуш, карахь ахча а, тӏехь мегарг бедар а йоцуш, уьдуш, хӏорда йисте дӏагуллора. Ткъа цигахь кеманашка ладоьгӏуш цара хьоьгу бала цабийцабаллал къиза бара. Деккъа цхьана 1863-чу шарахь хӏордаца туркойн махка воьссира виъ бӏе эзар гергга ламанхо.
Турце дӏакхаьчна ламанхой хӏаллакьхуьлура, мозий санна. Мангало буц санна, адам хьоькхуш, къиза йукъадаьржира тифан, морзгалийн ун. Бӏарзбинера уьш мацаллой, махкаллой.