тӏаме кхойкху со. Шайн дайша санна, майра дуьхьало йелаш мостагӏчунна. Болх Далла тӏебилла, Цо ӏалашдийр ду шу. Амма, хаалахь, хьомсара доттагӏ, нагахь санна гиххойн виллает вайх дӏайалахь, йерриг Нохчийчоь йужург хилар…
Делан жима лай Шемал»
«Вежаршка Атабига, Сайдуллера, Дубега, Тӏелхаге имамера Шемалера.
Маршалла ду шуьга массаьрга а. Тӏейогӏу йеара кхачале нохчийн дерриг а дошлойн эскарш Шела йолчу гулдар тӏедуьллу шуна. Далла лаахь, оцу дийнахь со хир ву цигахь…»
«Деган доттагӏчуьнга, сан наибе Тӏелхаге. Вайн везачу Делера маршалла хуьлда хьуна. Вайша йиллинчу меттиге вар доьху хьоьга. Цигахь ас шадерриг дуьйцур ду хьуна…»
Имамо шен омраллин аз хийцинера. Хӏинца иза дехаршка ваьллера. Нохчийн наибаша шайн тӏаьххьара ницкъ вовшахтуьйхира. Июнехь кхехкабуьйлира тӏом. Йалхитта чаккхарма йукъ лаьцна, хьалхатаьӏира паччахьан эскарш. 13-чу июлехь къоначу Ботукъин дошлойн бӏаьно атака йира Тенгински полкана. Цо хӏаллакйира иччархойн рота, йохийна йаржийра йерриг полк, амма ша, чӏогӏа чов хилла, йуьстахвелира оцу тӏамера. Дийнахь-бусий ца лагӏлуш боьдура тӏом. Кхойтта дийнахь ца соцуш хьалхатеӏара мостагӏ.
Оцу йуккъехь гӏевттира паччахьан ӏедало хьаьшна лаьтта гӏалгӏай. Церан гӏо лаца сихвелла Шемал, шена хьалха нисвеллачу инарлин Мищенкон отрядаш а отуш, Гӏалгӏайчу кхечира. Амма тӏамехь бахчабалаза, мухха а герзаца кечбелла гӏалгӏай ледара летара. Оцу рейдан толам нохчех бозуш буйла хуучу имамо, Бородино арахь Наполеона шен гварди санна, кхоош кхобура уьш. Хӏетте а, имаман сатийсар кхочуш ца хилира. Боьхна йухахьаьлхинчу гӏалгӏаша атака йан аьтто бохийра нохчийн дошлошна. Кхузахь вийна виъ бӏе бӏаьхо а вуьтуш, кӏегарваьлла, Шемал Ведана вирзира, ткъа инарла Евдокимов, Органан чӏожахула хьала цкъа а оьрсийн салтичун ког кхачазчу Шотойн дукъа велира.
Оцу хала деанчу шарахь къаьсттина хьерайелира тиф, хоршанаш. Тӏамочул дукха синош дехира цамгарший, мацаллой. Де дийне мел дели, херлуш бара нохчийн а, дагестанхойн а барт. Царна йуккъе мостагӏалла доьллира, дӏадаханчу шарахь йерриг а Йоккхачу Нохчийчоьнан наиб Тӏелхаг мукъа а ваьккхина, цуьнан метта имамо шен