12-чу майхь йерриг Нохчмахка, оьрсийн эскаршна къарйелла, кӏелсецира, йеккъа цхьа Бений, цунна гондӏара кӏотаршший йоцург.
Цул тӏаьхьа дукха хан йалале, 25-чу августехь, дийнахь кхо сахьт даьлча, имаман къоьжа корта элана Барятинскийна хьалха хӏоьттира.
Тӏеман оцу тӏаьххьарчу шарахь Барятинскийс лоьруш лелийра Сайдулла а, бевдда шайгахьа бевлла важа наибаш а. Амма, тӏом чекхбаьлла, нохчийн лаьмнашка ондда ког гӏортийна, шаьш дӏахӏиттича, паччахьан инарлашна бицбелира уьш. Наибаш боху цӏераш йара церан, амма ӏедалх хӏума дацара церан карахь, цхьа Шамурзин Бота а, Жукин Дуба а воцчун.
– Ахь ӏоттар йин суна, Муса, – элира, хӏетталц Мусассий, ӏелаханий дечу къамеле ладоьгӏуш, амма цара дуьйцург ца хезаш ӏийначу Сайдуллас. – Далла дика хаьа, ас динарг сайн цӏока ларйеш дина цахилар. Тхуна маршо йезара, кхетий хьо? Тхешан ворхӏе дайшкахь лаьттина маршо! Ца лаьара тхаьшна йуккъера элий бовлийла, тхаьш цхьаннен а йалхой хуьлийла. Цундела хӏоттийра оха Шемал коьрте. Цул хьекъале, хьуьнаре, майра нах тхаьшлахь шортта боллушехь. Оьрсашца дерг сихха чекх а даьккхина, тӏаккха имам шайн Суьйлийчу дӏаэккхо дагахь. Амма дерриг а ца нисло ма-моьтту. Тӏом бахбелира, Шемал тхуна нуьйр тилла вуьйлира. Тхуна ца везара йа иза а, йа паччахь а. Хьуна ма хаьа, оцу ткъа шарахь тхоьгахь даллийнарг. Имамца а, паччахьца а, вовшашца а ца тарлуш, вовшахлеташ, хӏаллакьхили тхо. Ткъа шо. Хаддаза тӏом. Шаберг тхан махка тӏехь. Дӏадийна йалта чудерзадойла ца хуьлура. Тӏамехь даьккхинарг бен рицкъа дацара. Зударий бераш дан ца кхуьура. Нийсса ах сов хӏаллакьхилира тхан къам. Тхо кхераделла ца севцира, ткъа ницкъ кхачийна, гӏелделла, доьза хӏаллак ца хила, севцира. Кхетий хьо, Муса? Адам эрна хӏаллак ца дан вахара со инарлина тӏе!
– Хӏета, ас халахетийтина-кх хьуна, Сайдулла? – эсала вистхилира шен хьешан кхехка дог хуу Муса. – Ас дагахь хӏума доцуш аьлла дешнаш дара уьш. Гечделахь.
– Хӏан-хӏа, Муса, гечдан бакъо тоьллачун бен йац. Ткъа со эшнарг ву. Хьо паччахьан инарла ма ву. Хьан цхьаннан долахь бу нохчийн пхи эзар доьзалан боццучул бахам. Хьан сий ду. Хьуна а хиъна хьайна некъ баккха. Ахь Россехь дешна.